ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн хилла тIемало кхеле хIоттийна


Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхелехь дов хоттур ду Шелковск кIоштарчу вахархочун. Иза бехкево, тIеман буьйранчийн Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанна юкъахь зуламаш лелийна аьлла, яздо REGNUM агенталло, Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуран хаамна тIетевжина.

Талламчийн версица, 1999-чу шеран аьхка дIакхетта хилла кхеле хIоттийнарг гIаттамхойх. Оццу шеран гурахь тIелатар дина хилла цо шен накъосташца Шелковск кIоштарчу Червленнехь оьрсийн эскархошна. Тасадаларшкахь 15 салти вийнера, 28-нна кеп-кепара чевнаш хиллера.

Ишта, хьалхо оцу тIехула бехкебина, набахтешкахь хенаш токхуш ву 25 сов стаг. Федералан лехамашка велла кхин а масех.

XS
SM
MD
LG