Соьлжа-гIаларчу Ленинскан, Октябрьскан, Старопромыслан, Заводской кIоштийн а, шахьарарчу гIалийн кепехь йолчу яртийн а цIераш хийцар хьехна гIалин мэрана Закриев Якъубна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
"Вайн исторехь къегина лар йитинчу нохчийн къоман яхь йолчу кIентийн цIарах хила еза кIошташ. Бахархошна хетарг тидаме а эцна, гIалин думаца юкъахь сацамбан беза", - боху Кадыровс.
Стохка Соьлжа-гIалара 35-гIа а, 36-гIа а дакъош цхьана а тоьхна, кхоьллинчу юьртана, оьрсашкахьа тIемаш бина нохчо, инарла-майор Чермоев Орца вазвеш, цIе тиллира "Орцин Мохк" аьлла.