ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тутмакхна йиттинчарна "кIеда" таIзар дина


Нохчийчуьрчу тутмакхна Муртазалиев Хасдина йиттинчу колонин шина белхахочунна арахь яккха диъ-диъ шераш хенаш кхайкхийна Ярославлерчу кхелахоша. Царна дина таIзар кIеда ду аьлла, тешна ву Муртазалиев.

"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, бакъоларъечу "Юкъараллин вердикт" хьукмато видео яржийра тутмакхашна Ярославлерчу набахтехь 2016-чу шарахь етташ. ТаIзаре берзийначу нахах цхьаъ вара, кху беттан 20-чохь хан яьккхина а ваьлла, маьршаваьккхина Нохчийчуьра вахархо Муртазалиев. Иза араволучу юкъанна, кIира хьалха, набахтехь такха 3,5 шо хан тоьхна юьйцучу видеоно етташ гайтинчу хьаькамех цхьанна – Яблоков Максимна.

Набахтин кхерамзаллин декъан инспектор Яблоков воцург, кхин а ши белхахо вара кхеле озийна. Муртазалиевн адвокато Бирюкова Иринас хаамбина: "Арахь даккха диъ-диъ шераш тоьхна цу шинна. Ишта 2, 5 шарна даржашкахь болхбан а дихкина. Хасдина тIех кIеда ду боху таIзар, кхелан сацамна латкъамбан дагахь ду тхо", - аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG