ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориал": Дукха тIехбевлла нохчийн Iедалхой. Москва юьхьIаьржа хIиттайо цара


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а

Кху беттан 28-чохь Страсбургехь дийцина Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх. Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) бакъонашкахула йолчу Комитетехь шайца Нохчийчохь лелийначу харцонех далхийна кхаа нохчочо.

ПАСЕ-хь бакъонашларъяран организацийн цIарах дакъалаьцна "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано" а, "Къизаллашна дуьхьало латторан Комитето" а, "Правовая инициатива", Humans Rights Watch организацеша а. "Мемориалан" кхеташонан куьйгалхо Орлов Олег вистхилла цигахь.

Тайп-тайпана ситуацеш хIуьттура Къилбаседа Кавказан республикашкахь дIадахначу шарахь, аьлла, долийна Комитетехь гулбеллачарна халха шен къамел Орловс: "Цхьаццайолчу меттигашкахь ка йолура тхан кхиамца гIуллакх дерзон. Амма Нохчийчохь аьтто ца болу. Цигахь дIахIоьттина тоталитаран режим ю, дуккхаъчу хIуманашна тIехь ситуаци кхи тIе а гIаддайна ю. Тоталитаран режим ю цигахь. Юкъараллан а, политикан а, экономикан а дахаран агIо шайн куьйгакIел йерзина ца Iаш, дин а, культура а, могIарерчу стеган дахар а цхьана Iедалхойн карахь ду".

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а масийттазза массарна а хезаш, кхерамаш тийсира бакъонашларъярхошна а, журналисташна а, ишта критикаш ен нах совцабе, ца хуьлчу далахь, байа а мегар ду бохуш, кхайкхамаш бира цо, дагадаийтина Орловс.

Ур-атталла оцу регионехь шен коллегашна Iедал тIаьхьадаларх а дийцина Орловс: "Титиев Аюбна дуьхьал айдина гIуллакх а, "Къизаллашна дуьхьало латторан Комитетан" а, "Мемориалан" а белхахошна тIелатарш дар а, царна кхерамаш тийсар а. Оцу массо а хиламашна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьстира, амма талламбар сацадора - "бехкеболу нах схьакаро аьтто бац" олий.

Ишта Орловс дийцина, республикехь гейш лецарх а, федералан Iедало ян езза реакци ца ярх а. "Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан Думехь депутат волчу Селимханов Мохьмада шен интервьюхь элира: "Нохчийчохь гейш бац… Суна хетарехь, ши метар даьккхинчу лаьтта бухахь бу церан меттиг" аьлла. Юьхьанца федералан Iедалхойн векалша чIагIонаш йора, талламан органашка цхьаммо а дина арз кхаьчна дац бохуш. ТIаьхьо Лапунов Максима латкъам бича, цхьана а кепара талламан барамаш ца бира, ца гIоьртира иза Iалашван а".

Ишта бакъонашларъярхочо хьахийна, йина кхел а йоцуш, гIаттамхойн декъехь бара уьш аьлла, вийначу 27 стагах а.

"Ши бIе гергга стаг лецира полисхоша хIетахь. Уьш берриш а "тIепаза байира", царна цхьанна а адвокат ца велира. Лецначех 27 стаг 2017-чу шеран Дечкен-беттан 26-чу буса вийра, лоьмар 2 йолчу Соьлжа-гIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкана гергахь. И нах ницкъахойн карахь хиларх тоьшалла деш зорбане даьхна суьрташ дара. Оцу документаш тIехь "тоьпаш тоьхначийн тептарера" 27 стагах 26 волуш ву. "Мемориал" шеггара гIуллакх талла йолаелира. Тхан аьтто белира тIечIагIдан, оцу 27 стагах 25 тешашна а гуш, дIалецна хилар а, къайлабаьхна хилар а. Iедалхоша кхерамаш туьйсура байинчийн гергарчарна арз дан а, цунах дийца а".

Бакъду, цхьаболчу байначийн гергарчара, шайна кхерамаш туьйсуш лаьтташехь, Талламан комитете дIахьедира. Къилбаседанарчу федералан гонашкарчу талламчаша зераш долийра боху Орловс.

"2018-чу шеран Чиллан-баттахь бехкзуламан гIуллакх делла дуьхьало йира. Бинчу талламах 27 декъехь жамIаш тхайн караделча, тхуна къаьстира, кхачам боллуш гIуллакх теллина цахилар а, шога ледарлонаш йийлийтина хилар а, озабезамашца гIуллакхе хьежна хиллийла а. Нохчийн полисхойн дийцарш тIехь вовшахтоьхна жамIаш дара уьш. Кхелашка девлира тхо, бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьалояр къовса дагахь. ХIетте а шаьш дина хьесап хийцаза дитира суьдхоша- Нохчийчуьра кхелаш яц ас юьйцурш", - аьлла, дийцина Орловс.

Ма-дарра аьлча, федералан структураш зуламашна юкъара ю-кх, аьлла хета бакъонашларъярхочунна.

Республикера хьал цхьана кепар хийцалур дуй-те Страсбургера дийцарш, ладегIарш бахьана долуш? "Кавказ.Реалиига" Орловс дIахьедарехь, ПАСЕ-на хетарг цхьана агIор ца тидича ер яц Оьрсийчоь.

- Страсбургехь къамелаш динчу нохчаша хIу дийцира?

- Масала, тоьпаш тоьхначийн тептарерчу 27-ннах цхьаннан нанас шен кIантах лаьцна дийцира. Иза билггал лачкъийна дIавигина, Соьлжа-гIаларчу къайлахчу набахтехь латтийра аьлла. Шена кхерамаш тийсарх а, шен кIантах хилларг хаа аьтто боцуш ша леларх а. Цхьана нохчочо дийцира, ша дIалацарх, шена тIехь къизаллаш лелорах, шен доьзал хьийзабарх. КхоалгIачо ша гейш бу аьлла, лечначарлахь вара бахара.

- Стенна тIехула дара ПАСЕ-хь уьш бистхилар?

- Тхаьш дан дезарг ду оха дийриг. Карарчу хенахь ПАСЕ-хь Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула керла векал ву хIоттийна - Швабе Франк. Нохчийчохь хилла иза, кхечу республикашка а кхача везаш ву. Цига ваха новкъавалале информаци гулъеш ву иза шена. Нохчийчохь бакъонашларъярхошкара а, бала хьегначаьргара а хIуммаъ а хаа йиш цахиларе терра, оха вовшахтоьхнера оцу гурашкахь и барам.

- Республикехь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх бинчу хаамех лаьцна нохчийн хьаькамийн цхьа маьIна долуш реакци хир ю бохург - бакъ дац. Хьуна хIун аьлла хета?

- Нохчийн Iедалхоша даим а олу, шайн зуламех лаьцна мел дуьйцург бакъ дац олий. Цундела кхузахь цецвуьйлийла дац. ПАСЕ-н дIахьедарх царна хIу хетар ду аьлча, церан цхьа реакци хила тарло. ХIунда аьлча, факташ ма ю цу рапортехь ялийна. Массара а хIа-хIа, бакъ дац бохур ду. Факташ цхьа аьрта дIатоьттур ю цара.

- Ткъа федералан хьаькамийн реакци муха хир ю аьлла хета хьуна?

- Тоххара церан хиллачу реакцех бен дуьйцийла яц сан. Цу кепара рапорташ а, резолюцеш а объективе яц бохуш, дIахьедахь а, цхьана агIор бахьанаш ца лелийча бевр бац уьш. Нохчийчохь ца лелийнехь а, кхечу республикашкахь реакци хуьлура. ХIинца хьовсур ду-кх вай Нохчийчохь хIу олу а. Суна хетарехь, Кадыровн режимо юьхьIаьржа хIиттабо оьрсийн Iедалхой. Цхьана агIор, цхьаъ дан деза Iедало, хIоьттина режим цхьана битаме а ялош. ХIунда аьлча, дукха тIехбевлла уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG