ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь маьрша бахархой байарна бакъонашларъярхоша бехкейо Оьрсийчоь


Великобританехь куп тоьхначу Шеман мониторинган организацин бакъонашларъярхоша хаамбина, Идлиб провинцехь оьрсийн кеманаша динчу тохаршкахь итт маьрша вахархо вийна аьлла. Провокаци ю дина дIахьедар аьлла Оьрсийчоьнан тIеман министралло.

Туркойн "Анадолу" хьостано а яздо, Эриха олучу гIалахь сатосучу заманчохь бепиг дечу гIишлонна а, лазартнена а тIе оьрсийн авиацино бомбанаш йиттина аьлла.

Билгалъяьккхинчу кIоштахь шайн кеманаша тIеман Iалашонаш кхочушъеш а яц, питана таса гIерташ, Iорабоху и хаамаш бохуш, къар ца ло Оьрсийчоь. Ткъа бакъонашлраъярхоша дIахьедо итт вийна, дуккхаъчарна чевнаш йина бохуш.

Шемарчу хьолах дийцарш дина Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а Инарла штабийн хьалханчаша. Амма хоуьйтуш дац цара дийцинчух а, хиллачу жамIех а.

Оцу юкъанна туркойн дозанехьа гIерташ бу бIеннашкахь эзарнаш Шеман мухIажирш. Дозане кхин а шайн ницкъаш узуш бу Хонкарас, ишта бронетехника а цхьана. Шемара веана 3, 5 миллион мухIажир ву Туркойчохь дIатарвелла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG