ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маршо Радион президент: "Тхан Iалашо ю - аудиторина бакъйолу факташ йовзийтар"


Маьрша Европа Радион медиакорпорацин президент Флай Джейми
Маьрша Европа Радион медиакорпорацин президент Флай Джейми

Кху деношкахь Москвахь волчу, Маьрша Европа Радион медиакорпорацин президенто Флай Джеймис "Эхо Москвы" радиостанцина еллачу интервьюхь дийцина, хаамийн гIирсех долчу низамех - "арахьарчу агентех" шена хетарг, ишта Оьрсийчохь Маршо Радионо а, Настоящее время телеканало а бечу балхах а. Журналистикана леринчу "Блог-Аут" программехь йоьдучу эфирехь вистхилла Флай.

Президента бахарехь, Москва варан цуьнан коьрта Iалашо ю – Москварчу Маьрша Европа Радион журналисташна тIехIоттар, уггар хьалха, дукха хан йоццуш оьрсийн Iедалхоша хаамийн гIирсех долчу низамашкахь "арахьара агент" аьлла бина хийцамаш бахьана долуш.

"Оцу низамо баккхий кхерамаш туьйсу тхуна а, дешан маршонна а", - аьлла Флай Джеймис.

Цо карладаьккхина, Свобода Радио а, цуьнан регионалан проекташ а, Настоящее время телеканал а, кхин а масех медиакорпорацин редакци а ши шо хьалха "арахьарчу агентийн" тептаре яьхна хилар, ткъа дукха хан йоццуш низамехь бинчу хийцамашца а догIуш, журналисташлахь а и статус яржо тарлуш хилар.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь болх бечу хаамийн гIирсийн ситуаци бахьана долуш декхаре ду шаьш аьлла Оьрсийчоьно шайн низамашкахь хийцамаш бан. Флай реза вац оцу аргументана: "Iамеркан бахархошна дихкина дац RT а, Sputnik олучу гIирсаша а арахоьцучух пайдаэца. Ткъа Оьрсийчохь аьтто бац телеэфире хьажа а, радион тулгIенаш лаца а".

Медиакорпорацин президента бахарехь, оьрсийн Iедалан тIеIаткъамбар доьзна хила тарло Маршо Радионо а, цуьнан регионалан проекташа а: Idel.Реалиис а, Кавказ.Реалиис а, Север.Реалиис а, Сибирь.Реалиис а йийцарейо теманашна тIехула.

Флайс билгалъяьхна эфирашкахь юьйцу протестан акцеш а, коррупци таллар а, дешаран а, могушалла Iалашъяран, экологин проблемаш а, Оьрсийчоьнан арахьарчу политикех хуьлу дискуссеш а: "Шеконаш ю Iедалхойн тхоьгахьа, тхан балхо сингаттам бохьу цаьрга. Путинна а, цуьнан гона а ца лаьа, оха и теманаш йийцареян".

Радион миссех а, цуьнан принципех а дуьйцуш, Флайс билгалдаьккхина: медиакорпорацин журналистийн Iалашо ю – шен аудиторина бакъйолу факташ йовзийтар, къаьсттина пачхьалкхан зорбанаша тоам боллуш ца юьйцуш йолу аьлла.

Шайна Оьрсийчоьнан бахархошна дика хуур ду аьлла президенто, шайга кхаьчна информаци муха тIеэца еза, журналисташа цхьана а политикан гIуллакхе ца ийзабо уьш.

Москвахь Iедалхойн векалшца цхьанакхетарш хуьлу Флайн, ишта оьрсийн оппозиционер Немцов Борис вийначу меттигехь а хилла иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG