ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусах Китайхь 213 стаг велла


ПIераскан Iуьйранна кхаьчначу хаамашца - керлачу коронавирусо даржийначу унах велла Китайхь 213 стаг. China Global Television Network гIирсо довзийтина и терахьаш. Дарба хилла 171 вахархочунна. Вирус хьакхаелла ву 9 эзар сов стаг. Кхин а 32 эзар вахархочун могушаллех зераш ду деш.

Оцу юкъанна Синьхуа агенталло бахарехь, Китайрчу медицинан препараташна тIехь терго латточу урхалло коронавирус йовзуьйту керла продукци йовзийтина.

18 пачхьалкхехь хааелла вирус. Китайл арахаьа ун даьржина 100 стагана.

Байначу баттахь дуьххьара, Хубэй провинцин административан центр лоручу Уханерчу дийнаташ духкучу базарахь гучуяьлла и вирус аьлла, шеконаш ю говзанчийн.

Къаьсттина дукха баларш хилла, 60 миллион стаг вехачу оцу провинцехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG