ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаровс бехкбаьккхина Нохчийчуьрчу бахархошка (+видео)


Зорбан министр Умаров Джамбулат
Зорбан министр Умаров Джамбулат

Нохчийчоьнан Iедалхоша махкахь дарбан хIусамаш, маьждигаш, некъаш до, ткъа Кадыров Рамзане гIо доьхучу наха цунна карикатураш йохку аьлла, шен эргIадвахар гайтина нохчийн зорбан министро Умаров Джамбулата Инстаграмерчу шен пена тIехь.

"Кавказ.Реалии" портало яздира, кху беттан 25-чохь Нохчийчохь 25 жимстаг полисхоша дIавигарх, Кадыров Рамзанан мозгIаран духарца фотоколлаж яржорна бехкевина.

Дийцарехь, изолятор чохь буьйса яккхийтина хиллера дIабигинчарлахь хиллачу школехь доьшучу кхиазхошка а цхьана. Информаци Iораяьллачул тIаьхьа зорбан министро бакъ дац элира дуьйцург, делахь а, зене хир дац аьлла, тIетуьйхира цо "провокаторшна таIзар дар".

Цунна тIаьххье мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ницкъахошна тIедиллира, бахархошлахь хаамийн гIирсашна харц информаци дIакхачон нах кара а беш, жоьпе ийзабе аьлла.

Яхначу буса Инстаграмехь видеокхайкхамбина зорбан министро Умаров Джамбулата, махкара бахархой "бенцахета нах ду шу" аьлла, бехкаш дохкуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG