ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гоьевлла мультфильмаш гIалгIайн матте йохуш ю


ГIалгIайчоь
ГIалгIайчоь

ГIалгIайн матте йоккхур ю "Мадагаскар" цIе йолу мультфильм яздо ТАСС агенталло, регионерчу културан "Эздел" центран (КПЦ) белхахочун Ведзижев Анзоран дIахьедарна тIе а тевжина.

"Кегийрхошлахь а, берашлахь а хаттамбинера оха, муьлха мультфильмаш гIалгIайн матте ерзо луур дара шуна аьлла. Уггар хазахеташ хиларца гоьяьлла хилла "Мадагаскар". Оха хIинцале гIалгIайн матте яьккхина иза филологийн а, яздархойн а гIоьнца. Аьзнаш къастош кастинг дIаяьхьна. Дешархой, студенташ, бизнесхой, спортсменаш, лоьраш, хьехархой, кхин а кеп-кепарчу профессийн говзанчаш бу цу тIехь болх беш", - аьлла Ведзижевс.

Цо бахарехь массо а маьхза болх беш бу цу тIехь. Карабеанчу баттахь гIалгIайн маттахь мультфильмна тIехь бен болх берза а бина, Заздоккху-беттан юьххьехь регионерчу кинотетрашкахь гайта Iалашо ю тхан", - аьлла, дийцина агенталле.

Хьалхо "Эздел" центро гIалгIайн матте ехира цхьа могIа мультфильмаш: "Король лев", "Простоквашино", "Малыш и Карлсон", "Мухаммад – последний пророк".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG