ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу Думан комитетан куьйгалле хIоттийна Газзаев


Газзаев Валерий
Газзаев Валерий

Оьрсийчоьнан футболан вовшахтоьхначу тобан коьрта тренер хилла Газзаев Валерий пачхьалкхан Думан къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалле хIоттийна аьлла, хааме даьккхина «БИЗНЕС Online» хьостано. "Контролан а, регламентан а комитете хьалхатеттина цуьнан кандидатура партис" аьлла Думехь.

Билгалдоккху, тIаьххьарчу ворхI дийнахь комитетан куьйгалхочун декхарш кхочушдеш "Справедливая Россия" олучу партин кхин векал вара, кху кIиранах Чувашин урхалле ханна хIоттийна Николаев Олег.

Къилбаседа Кавказан регионалан тобанехула Думе кхаьчна Газзаев Валерий "Справедливая Россия" партин тептаран коьртехь, цундела Дагестанан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачойн-Чергазийчоьнан а, Къилба ХIирийчоьнан а, Нохчийчоьнан а харжамхойн интересашкахьа хир волуш ву иза.

Къилба ХIирийчохь вина ву Газзаев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG