ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь вийна карийна Алиев Iимран


Францин къилбаседанерчу Лилль гIалахь вийна карийна Нохчийчуьра вахархо Алиев Iимран, "Мансур Старый" аьлла, цIе яхна волу. «Чеченские новости» Telegram-канало бина цунах хаам, яздо LENTA.RU хьостано. Дийцарехь, отелехь урс диттина цунна. Гергарчарна а вевзина, яздо паблико, шайн стаг.

La Voix Du Nord гIирсо яздарца, еариндийнахь делкъанна Алиевн дакъа хааделла Coq Hardi хьешан цIийнан белхалочунна.

Полисхоша талламаш дIаболийна, гIуллакх зуьйш. YouTubeхь а, Фейсубкан агIонашкахь а кхайкхамаш беш хиларца, вевзаш вара "Мансур Старый".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG