Шайн йоьхначу хIусамашна дуьхьал керлачу гIишлошка дог дохийла юй мухIажирийн хьовса аьлла, шен хьаькамашна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас тIедиллар ца тайна бахархошна. Шаьш дуьненан юкъаралле девр ду аьлла, дIахьедина мухIажирша.
Нохчийчуьрчу тIамах бевдда бахккарх республикехь бисинчу I50 сов мухIажиро шоьтадийнахь гулам дIабаьхьира Наьсарахь. Инициативан тобан куьйгалхочо Дзортова Мадинас дIахьедина гулбеллачаьрга: "Вайна хIусамаш йогIу я ца йогIу бохучу хаттарна жоп лардеш дац вай Iедалхошкара. Вайна дукхазза хезна цаьргара, хIусамаш ца йогIу бохуш. Ткъа вай санна болчу кхечарна йогIу уьш, вайна хьакъ яц. Сертификаташ дуккхаъчарна караделла. Вай Iедалхошка хоьттург дара: вайн проблема луьстур йолуш ю, я яц аьлла. Нагахь санна, вайна чудаха хIусамаш яла дагахь уьш бацахь, вайн дуьнене дIахьедийр ду. Вешан пачхьалкхе сагIа деха дагахь дац вай".
Цабевллачу денна ГIалгIайчу дIакхелхина нохчийн мухIажирш шайна догIу компенсацеш даха гIерта 25 шо хан ю.
1994-чу шеран ГIуран-баттахь Нохчийчуьрчу тIамах къаьхкина ГIалгIайчохь дIатарбелла мухIажирш, тахана а чубаха шайн долахь хIусамаш йоцуш, бала хьоьгуш бу. Церан карахь кехаташ доллушехь йохийна хIусамаш юха ца ло царна.
Цул совнах, 2015-чу шарахь мухIажирийн низамехь бинчу хийцамаша оцу статусах а, цкъа мацца а хIусам хир ю аьллачу дегайовхонех а баьхна уьш, пачхьалкхо ахчан барамехь цкъа гIо дина аьлла.