ТIаьххьара кхаьчначу информацица, коронавируса даржийначу унах Китайхь велларг 304 стаг ву. Верриг а лазар хьакхаделларг 14 эзар 380 вахархо. Китайрчу могушалла Iалашъярна тIехь терго латточу комитето бина хIара хаамаш.
Оцу юкъанна, Китайл арахьарчу Филиппинашкахь коронавирусах велла 44 шо долу вахархо. Эпидемин эпицентр лоручу Ухань гIалара веана хиллера иза.
Байначу баттахь дуьххьара, Хубэй провинцин административан центр лоручу Уханерчу дийнаташ духкучу базарахь гучуяьлла и вирус аьлла, шеконаш ю говзанчийн.
Къаьсттина дукха баларш хилла, 60 миллион стаг вехачу оцу провинцехь.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ