ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь вийначу Алиевх лаьцна хаамаш бовзийтина Абдурахманов Тумсос


Оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо
Оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо

"Мансур Старый" никца гоьваьлла, нохчийн блогер Алиев Iимран верах верси йовзийтина оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос шен Telegram-каналехь. Цуьнан хаамашца, Францехь веха Алиев вийна хила тарло байначу беттан 18-чохь Москвара Испани а веана, цигара дIа Берлинехь отелехь ши де а даьккхина, цIерпошт тIехь Бельги кхаьчначу Нохчийчуьрчу Гуьмса кIоштарчу вахархочо.

"КIиранах Алиев Iимранан хIусамехь ваьхна киллер, цул тIаьхьа цуьнца цхьана Франци вахана. Лилль гIаларчу отелехь наб кхоьтуьйту молха а малийна Iимранна, цул тIаьхьа масийттазза логах урс диттина, вийна иза", - яздина Абдурахмановс.

Тумсон хьосташа хаамбарехь, Алиев вийнарг Нохчийчу юхавирзина карарчу хенахь. Нохчийчуьрчу лаккхарчу даржхочунна болх беш ву киллер аьлла, тIетоьхна Тумсос.

Францин къилбаседанерчу Лилль гIалахь вийна карийна Нохчийчуьра вахархо Алиев Iимран, "Мансур Старый" аьлла, цIе яхна волу аьлла, хаамбира Маршо Радионо, LENTA.RU хьостанна тIетевжаш. Дийцарехь, отелехь урс диттина цунна.

YouTubeхь а, Фейсубкан агIонашкахь а кхайкхамаш беш хиларца, вевзаш вара "Мансур Старый".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG