ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус бахьанехь Китай цIерпошташ лелар сацийна Оьрсийчоьно


Коронавирус бахьана долуш "Оьрсийчоьнан аьчкан некъаш" компанино Чиллан-беттан 3-хь дуьйна совцийна Китай лела ерриг а некъахойн цIерпошташ. Ша аьлча, лелар яц Москвара а, Читара а Пекине лела цIерпошташ. Цу кепара аьчкан некъан зIе юьззинчу барамехь хадийна шина пачхьалкхана юкъахь.

Оьрсийчоьно иштта шен доза дIакъевлина Генарчу Малхбалехь, ткъа Чиллан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна доза тоьхна шина пачхьалкхана юкъахь кеманаш леларна.

Масех де хьалха Оьрсийчохь гучудаьлла шина стагана коронавирусан ун кхетта хилар. Ши а цомгуш хилларг - Забайкальен махкахь а, Тюменан кIоштахь а - ву Китайн махкахо.

Дадаханчу дийнахь-бусий коронавирусах Китайхь велла 57 стаг. Цу кепара и ун бахьана долуш кхеттачу пехийн цамгарх (pneumonia) велла 360 сов стаг. Китайхь коронавирус кхетта ву 17 эзар стаг. Кхечу пачхьалкхашкахь и ун даьллачу нехан терахь ду 182 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG