ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дог лазадаьлла стаг кIелхьарваккха гIо дина орцанхоша Соьлж-ГIалахь


Гайтаман сурт

Соьлж-ГIалахь шен петарехь дог лазадаьлла Iуьллучу хенара стагана тIекхача лоьрийн аьтто бина орцанхоша, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

И инцидент хилла Ленинан кIоштахь. Дог лазадаьла Iуьллучу стеган гIо доьхуш телефон тоха аьтто баьлла цIеххьана цхьаъ хилча накъосталла дечу сервисе.

Орцаллан министраллан нохчийчуьрчу тобан белхахочо Никаев Туркос дийцарехь, цуьнан накъосташа, лерринчу гидравликан гIирсах пайда а оьцуш, схьаяьстина дархо чохь волчу петаран некъ. Лоьраша сихха оьшуш долу гIо динчул тIаьхьа инсульт хиларна шеко йолу и стаг дIакхачийна дарбанан цIийне.

XS
SM
MD
LG