UFC латархочун Нурмагомедов Хьабибана 200 миллион доллар лур ду шаьш, боху саIудхоша, нагахь иза Мейвезор Флойдах а, Макгрегор Конорх а лата реза хилахь.
И ахча дала кийча бу Нурмагомедовна СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкхера миллиардераш, яздо Кавказ.Реалиино, РИА Дагестан хаамийн агенталлана тIе а тевжаш.
ХIора латарх спортхочун лур ду 100 миллион доллар. СаIудхойн коьрта билламех цхьаъ бу и ши тасадалар Эр-Риядехь дIадахьар.
Хьалхо Дагестанерчу спортхочун да а, тренер а волчу Нурмагомедов Iабдулманапа дIахьединера, Хьабиб Макгрегорх лата кийча ву шена 100 миллион доллар лахь аьлла.