ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Администрацин белхахошна кортош дашар тIедожийна Шелан кIоштан куьйгалхочо


Ибрагимов Турпал-Iела
Ибрагимов Турпал-Iела

Шелан кIоштан куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iела балха веана дIадаханчу еарин дийнахь, коьрта а баьшна. Изза дар тIедожийна цо шен белхахошна а. Реза вацучуьнга балхара дIавала аьлла хьаькамо, хаам бо Кавказ.Реалиино.

ШолгIачу дийнахь 40 сов кIоштан администрацин белхахо балха веана корта а баьшна. Омра кхочуш ца дина волу цхьа стаг оццу дийнахь балхара дIаваьккхина.

Кавказ.Реалиино дагадоуьйту, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шича волчу Ибрагимовс, адамаш а дойуш, некъахьовзам баьккхина хилар 2018-чу шарахь.

Болчу хаамца, Оьрсийчоьнан низамаш а дохош, Ибрагимов ларвеш бу полисхой а, Росгвардин эскархой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG