ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эха шаре а йолу рагI. Цомгуш болчу кавказхойн бакъонаш


Пейсахова Анна

Коррупци, молханийн дефицит, маьхза дан дезарг лоьраша цадар, иштта дIа кхидолу медицинера сакхташ…

Кавказехь «Пациентан монитор» цIе йолу юкъаралла схьайиллина кхо шо ду. Бахархошна пачхьалкхо лучу медицинан аьттонийн терго йо цо. Цуьнан юристаша гIо до бахархошна ГIебарта-Балкхаройчохь, Дагестанехь, ГIалгIайчохь, довзуьйту Iедало дан догIу гIо, накъосталла до нахана медицинах боггIу пайда схьаэца, эшахь кхеле а бовлуш.

Низамаша луш йолу таронаш меттигерчу Iедало муха эшайо, стенна ца хуьлу дарбан хIусамашкахь оьшшу молханаш, наха лоьрашка маьхза муха байта беза шайн аьттонаш дуьйцу ша «Кавказ.Реалиина» лучу интервьюхь «Пациентан монитор» юкъараллин куьйгалхочо Омаров Халида.

– Нах боьлла могашаллин хIусамашкарчу харцонех, магадо цара шайн бакъонаш талхийча а. Масала, листа дезачу аьрзнийн рагI хIоьттинера тхуна цкъа: полис дIа а гайтина, томографи йоккхуьйтийла дац, ахча доьху, леткъара наха. Я олура лоьраша цомчушчаьрга, болхбеш бац шайн гIирс. Маьхза томографех чекхбовла ялх-ворхI баттахь хьоьжуш Iа нах, ткъа низамо ца магадо лоьрашна и хан баттал совъяккха.

Балхах вохийна Дагестанехь дукха хан йоццуш бакъдерг довзийтина цхьа лор. Республикан диагностикан центрехь томографи йоккху гIирс бу мукъа лаьтташ, ткъа цунах чекх ца бовлуьйту нах, ахча лучаьрца бен бала бац томограф карахь йолучийн, аьллера цо хьалхо.

– Беза мах болу молханаш, доггIушехь, лоьраша ца луш буьтучу нахана хIун гIо до аш?

– Дукха хан йоццуш Т. Маринас арздира тхоьга. Шен бер-кхиазхо дилхан дистонин синдром, массех тайпа челакхалла йолуш, цомгуш ду, цунна «Куван» молха деза (80 эзар сом бу цуьнан мах, ткъа иза шина кIиранна бен ца тоьа), бохура цо. Маринас дийцарехь, лоьраша луш дацара беранна и молха – нанас шерашкахь боккха бала хьоьгура хIоразза а «Куванах» боккху мах охьабилла ахча лоьхуш. Ткъа инстанцешна карайора цо дечу дехаршна дуьхьал бехказалла. Оха тергоне ийцира Маринин берера хьал. Цул тIаьхьа молха маьхза дала долийра могашаллин министралло – цхьа шо ах шо ду иза шен хеннахь луш долу.

– Лоьро мах бехча, муха хаа деза иза харц хилар, дарба цо маьхза дан дезийла?

– Уггар аттаниг цхьаъ ду: мах беллачул тIаьхьа лоьраша чек ло я ца ло. Чек луш яцахь, хаа ду низамо маьхза хублуьйтуш дуйла и молха я дарба. Нюансаш а ю, бакъдерг аьлча: мах боккхуш а, ца боккхуш а хила тарло цхьадолу дарба. Маьхза хилар лоьраша къайлахьо дукха хьолехь.

Оха нахана йовзуьйту церан бакъонаш, хоуьйту муьлха дарба ду лоьраша маьхза дан дезаш. Оьрсийчохь дукхахйолу процедураш мах а боцуш кхачойо бахархошна - диагностикехь, дарбадарехь, оьшуш долчу молханашца. Наха схьаеха еза шайн бакъонаш, маьхза дерг схьадаккха деза лоьрашкара.

Цул сов, евзаш хила еза вайна полисо къастош йолу Территорин программа. Хьуо вехачу меттехь муьлха дарба маьхза до, муьлха молха дорах ду хаа деза. Нагахь санна дерриг а хьан дахар шех дозуш, ца хилча ца долуш, оьшуш молха делахь, хIета а вета а хила деза иза хьуна маьхза луш.

– Аш муха бо болх шайга гIо дехначу нахаца?

– Стеган бакъо талхор гучудоллушехь, лоьрашца зIене довлу тхо. Дарбан хIусамашца цхьаьна къастадо, кхеле а ца довлуш, литсалуш дерг. Нисло кхелехула нехан бакъо толо езаш а, кхел тхоьгахьа хуьлу дукха хьолехь.

– Медикаша муха лов шу «новкъагIертар»?

– Лоьраша кест-кеста хьийсабо пациенташ тхуна тIе, царна дан гIо шайна ца карийча, оха ерриг а системехь лоху цомгушчунна оьшу накъосталла. Лоьраш шаьш а буьйлу тхоьца зIене, юкъахь лоху оху хьал тоден некъаш. Масала, лоьрашна хеннахь алапа цадалар.

– Хьан латтадо шун балханна ахча?

– Оха тхьаш дечу гIуллакхна дуьхьал ахча ца доккху нахера, цундела тхуна дуьсу ахча бизнесхошкара, сагIадан луучаьргара, таро йолучаьргара деха. Оха бен болх мехала а хеташ, бовлу тхуна накъостий, церан гIоьно латтайо тхан юкъаралла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG