ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Куьйга тIера чкъор меттахIоттош 2 шо долчу йоIана Соьлж-ГIалахь операци йина лоьро Баиевс


Баиев Хьасан
Баиев Хьасан

Вевзаш волчу пластикан хирурго Баиев Хьасана операци йина 2 шо долчу йоIан куьйга тIера чкъор меттахIоттош, хаам бо Кавказ.Реалиино. Къилбаседа ХIирийчуьра 8 бутт болу Багаева Малика чохь газ иккхина цIе яларна вуно чIогIа ягийнера 2018-чу шарахь.

Хьалхара гIо динера цунна ХIирийчуьрчу лоьраша. Цул тIаьхьа лерринчу кеманца иза дIакхачийнера Москварчу клинике. Цигахь масийтта операци йира берана.

Баиевс шен агIор операци йина йоIана аьрру куьйга тIехь чIор меттахIоттош. Цу Iалашонна оьшу могуш долу чIор эцна лоьро дегIа тIера. 5 сохьтехь яхйелла операци дIайирзина кхиаме.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG