ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь вийначу 8 дагестанахочун кхелехь тешо дийцина уьш лачкъорах лаьцна


Нохчийчохь вийна лоруш волчу 8 дагестанхочух кхоъ, шена а гуш, лачкъийна хиларх лаьцна дийцина кхелехь техстанцин белхахочо.

Цу 8 стеган гIуллакх къастош ду Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелехь. Чиллан-беттан 3-хь суьдхой лебан буьйлабелира байинчеран гергара нах а, тешаш а, хаам бо "Кавказский узело", адвокатана Денисенко Сергейна тIе а тевжаш.

"Гергарчара дийцира кхелехь Нохчийчохь вийна волу 8 стаг лачкъийна хиларх лаьцна 2016-чу шарахь Гезгмашин-беттан 28-хь а, ГIадужу-беттан 4-хь а.Клычев Клыч, Госенов Госен а, Джамалудинов Камил а лачкъош гина техстанцин белхахочунна. Оцу дийнахь Клычев шен доттагIашца цхьана техстанци веана хилла, шен машен тояйта. Уьш лачкъийна, ала мегар ду, дIалаьцна техстанцин белхахочунна а гуш. Иза хIинца теш ву Дагестанерчу талламхоша толлучу кегийрхой лачкъорна долийначу бехктакхаман гIуллакхехула. Цара а левина иза", - дийцина Денисенкос.

2016-чу шарахь ГIадужe-беттан 8-9-чу деношкахь леррина операци хилира Гуьмсан-кIоштахь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан республикерчу урхалло дийцарехь, 8 тIемало а вуьйш. Шайна юкъахь 4 полисхо лазийна, бохуш хаамаш бора полицин хьаькамаша.

Генетикан экспертизаш йича хиира, берш а байинарш лар йоцуш байна болу дагестанхой хилар. Церан гергарчу наха дIахьедар динера и нах лачкъийначул тIаьхьа байина бу, церан декъий дагийна ду, ткъа цхьа а леррина операци хилла а яц аьлла.

Нохчийчохь цу нахана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийнера низаман лардон органийн белхахошна тIелатар дарна аьлла, амма иза кестта дIачIагIа гIоьртира талламхой, и нах байина хиларх бахьана а дина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG