ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кушиташвили лацарна декъа вац ша, боху нохчийн боксёро Хатаевс


Кушиташвили Георгий
Кушиташвили Георгий

Боксер Кушиташвили Георгий дIалацарна ша декъа ву бохург харцдина нохчийн боксеро Хатаев Имама. Шеца а, Георгийца а цхьа бала бац Кадыров Рамзанан, спортехь кхиамаш Дела пурбанца бохуш ву ша, шена халахета Кушиташвилица иза хилла, яздина Хатаевс Инстаграмехь.

Росгвардин эскархочун тохарна лаьцна боксер Кушиташвили Георгий цуьнгара цхьаъ даьккхина леррина бехке вийр волчу хьоле хIоттийна хилла аьлла хета цхьаболчу тренершна а, цуьнан накъосташна а. Церан хьесапехь, иза дина хила мега "Ахмат" спортан клубан декъашхочун, нохчийн боксерна Хатаев Имаман конкурент дIаваккха а, Оьрсийчоьнан Олимпан тобанехь цунна меттиг яккха, хаам бинера "Эхо Москвы" радиостанцино.

Официалан версица, Кушиташвили а, цуьнца цхьана хилла кхин цхьа боксер Оганнисян Овик а лецира Москвахь Фрунзен хийистера урамехь Росгвардин белхахоша. Кехаташ толлуш Кушиташвилис, мара а кагбеш, буй тоьхнера цхьана эскархочунна. Цул тIаьхьа ши а спортхо дIавигнера полицин декъе. Цигахь, тIехьожуш тешхӀиттийнарш а болуш, Оьрсийчоьнан чемпионехь карийнера ах грамм кокаин.

Кушиташвилина дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Iедалан векална ницкъ барна. Оганнисян цу гIуллакхна юкъахь ву теш санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG