ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн талламхой реза ца хилла Кадыровс аьлларг хьокъехь таллам бан


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоьнан талламан комитетан Нохчийчуьра урхалла реза ца хилла, бакъонашларъярхочо Каляпин Игора (Комитет против пыток) латкъам барца доьзна, республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана интернетехь шена лийна нах бойур бу алар хьокъехь таллам боло.

Зорбанан гIирсашкахь дуккха а дIахьедарш ду, шайна юкъахь Кадыровс ша динарш а долуш, цо аьлларг нийса гочдина ца хиларх лаьцна, аьлла ду цу комитетан сайта тIехь арадаьллачу дIахедарехь.

Хьалхо дуккха а зорбанан гIирсаша яздинера ГIуран-бутт чекхболуш "Грозный" телеканалехь хиллачу зорбан-конференцехь, критика муха тIеоьцу ахь аьлла, шега хаттар дича, Кадыровс жоп делла хиларх лаьцна шен сий дойуш къамелаш деш верг эшахь вуьйр а ву ша аьлла.

"Со кхета тхайна дуьхьал тIом бечу стагах. Иза цунна диталур ду соьга. Амма сий дойуш хIуманаш дуьйцучун эзарз таIзар дийр ду. Нагахь сий дойуш хIуманаш дийцахь, сий дойур ду цуьнан. Нагахь гIело яхь, гIело йийр ю цунна. Нагахь вен эшахь вуьйр ву. Баганан дола дан деза. Ца оьшу сий дойуш хIуманаш яздан", - варе бинера шена луьш болу нах Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG