ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба Корейра - Нохчийчу. Деша дагахь


Къилба Корейра Нохчийчу деша веана кхо кIант
Къилба Корейра Нохчийчу деша веана кхо кIант

Интервью дIаяьхьнарг Муртазалиева Зараъ

Къилба Корейра дуьйна Соьлжа-гIала студенташ деша бахкаран хIун бахьанаш ду къасто хьаьжира "Кавказ.Реалии".

Луларчу регионашкара баьхкина студенташ гина ца Iаш, Нохчийчохь дуьхьалкхета тарло кхечу пачхьалкхашкара чубаьхкина дешархой а цхьана. Хьалха хьахийначаьрца дерг кхеташ ду. Масала, ца деза церан оьрсийн мотт Iамо а, я кавказхойн ламасташна тIекхиа гIерта а. Ткъа Корейра веанчу кхаа жимчу стеган кхолламо дуккха а хеттарш а, цакхетамаш а буьту.

Ким Гюнгбэ (Адам), Вон Джонхён (Дауд), Ким Чжангхён (Муса) - уьш берш Къилба Корейхь дуьненчу бевлла а, кхиъна а бу. Цхьа шо хьалха Нохчийчу а баьхкина, пачхьалкхан хьехархойн университете деша хIиттина уьш.

- Дийцийша, кегийнах, шу стенгахь дина, мичахь дешна аша, Соьлжа-ГIала а муха кхаьчна шу? Шайн цIераш а стенна хийцина аш?

Адам: Цхьанге а яха ца лора тхан цIераш, цундела хийца дийзира. Меттигерчу бахархошна инзаре хета тхан цIераш, багахь яккха а хала дара, цундела бухарчех дIатардала гIоьртира тхо. (Воьлу).

1991-чу шарахь Къилба Корейхь вина ву со. Школа цигахь чекхъяьккхина ас. ХIинца оьрсийн мотт а, литература а Iамош ву со нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь. Нохчийчохь деша таро хиларх сайн доттагIчуьнгара хиира суна дуьххьара, тIаккха Iалашо хилира кхуза кхача.

Муса: Со а ву Къилба Корейхь гIайрен дозан тIехь дуьненчу ваьлла. Исбаьхьа меттиг ю иза. Iаламат дукха туристаш лестара цига даим а. Эскархочун декхар кхочушдинчул тIаьхьа, школехь хьехархочун болх бира ас. Iаламат хала болх хиллера иза, юьхьанца ишта ца хетахь а.

Цхьа мур беара соьга, сайн дахарехь цхьа хийцамаш бан лууш. Ойла а йина, кхечу пачхьалкхе дIаваха сацам бира ас. Дуккхаъчарна ингалсан мотт хаьа Корейх, амма оьрсийн мотт цхьа наггахь волчунна бен ца хаьа. Нагахь санна, цхьаъ оьрсийн мотт хууш велахь, балха тIехь дика лору иза, алапа а лакхара хIоттадо цунна.

Сан накъоста Нохчийчохь деша дIаоьцу аьлла, дийцича, интернетехь информаци ешна, цул тIаьхьа лаам хилира сан кхуза ван. Хьожур-кх со цигахь хIун ду аьлла, ойла хилира сан, нагахь санна, реза ца хилахь, сайн пачхьакхе юхавогIур-кх со аьлла.

Институтехь Оьрсийчоьнан истори хьийхира тхуна, шун махкахь хиллачу тIамах лаьцна а хаьа суна. Вайн къаьмнийн дуккха а цхьатерра хIуманаш ду аьлла хета суна.

Дауд: Къилба Корейхь вина а, кхиъна а ву со а. Сеулехь архитекторан болх беш вара со. Тоххара а хилла ву со Кавказехь. Масийтта шо хьалха турист санна Къилбаседа Кавказехула чекхвелира со цхьа могIа гIаланашкахула: Нальчик, БуьритIе, Наьсара, Соьлжа-ГIала, Махачкала. Царна юкъахь уггар а хаза Соьлжа-ГIала хийтира суна. Цундела цхьа а шеко йоцуш, ойланаш ца еш, къастам бира ас.

Вайн къаьмнийн хиллачун кIоргене кхоьвдича, дуккха а цхьатерра агIонаш го суна. Тов суна кхузахь Iаламат.

- Шо гергга хан ю шу кхузахь долу. Дийцийша шайна Нохчийчоьно бинчу Iаткъамех.

Адам: Кхузахь цIена а ду, дика адамаш ду – уггар хьалха бIаьрго лоцу и хIума. Урамашкахь даим а кийча бу хьуна гIо дан, хьан хеттаршна жоьпаш дала. Юьхьанца суна моьттура, йоллу гIишлош керла йина ю, тIаьхьа хиира суна республикан исторех а, кхузахь тIом хиларх а, хIара дерриг а юха меттахIоттийна хилар а.

Муса: Со кхуза схьавогIучу хенахь, суна моьттура, тIамо дохийна, цхьадерг херцаршлахь хир ду. Аьтехьа а ца хиллера суна моьттинарг. ЦIена ду кхузахь, адамаш догцIена. Ас кхузахь меттигерчу бахархошка "Салам Iалайкум, сан ваша!" аьлча, цецбуьйлу уьш, хаза а хета царна. Нохчийн маттахь масех дош Iамийна ас.

Дауд: Цхьа паргIат дахаран раж кхузахь хиларан терго хилира сан уггар хьалха. ТIамах чекхдаьлла халкъ сингаттаме хир ду аьлла, ойла яра сан. ЧIогIа самукъане, догцIена хиллера хIорш. Машар беза кхарна. Суна хетарехь, тIехIиттинчу халонаша дахаран мах бовзийтина кхарна. Дуккха а паркаш а, дитташ а Соьлжа-ГIалахь долуш воккхавоь со.

СадаIа меттигаш а бу кхузахь, хазахета суна гIали юккъехула волалуш. Суна уггар а дика хета меттиг – Эсамбаев Махьмудан проспект ю.

- ДоттагIий буй шун нохчашлахь?

Адам: Дера бу! Университетехь а, тхайн юкъарчу Iойлехь а бу сан доттагIий.

Муса: Сан уггар а дика доттагI - нохчо ву олийла ду-кх сан.

Дауд: Дуккха а доттагIий а, бевза-безарш а бу сан университетехь. Цхьа нохчо вевзинера суна, цо шайга хьошалгIа кхайкхира тхо массо а. Цхьа хаза самукъадоккхуш Iийра тхо цигахь!

- Юучунна хIу до аш? Нохчийн даарх уггар а шуна езаелларг хIу ю?

Адам: (Воьлу). Суна хингалш а, жижиг-галнаш а чIогIа дика хета.

Муса: Котам-галнаш дезаделла суна. Тхо Iаш долчу юкъара хIусамна уллохь кафе ю. Цхьа йоккхо зуда ю цу чохь болх беш. ЧIогIа мерза хуьлу цуьнан юург. 120 туьма бен ца доьху юучух, цига леста марзвелла со мацвелча.

Дауд: Суна а дукхадеза гIабакхах ден хьокхамаш а, жижиг-галнаш а. Мерза дуга ца деза суна. Саьрмасекхан берам чIогIа дика хета суна. Амма иза биинчул тIаьхьа цхьанцца а къамел ца дар бен дарба дац. (Воьлу)

- Шуна лан уггар а хала хIу ду Нохчийчохь?

Муса: Суна хала ду дIавола, Нохчийчохь 40 градус йовхо хилча а, шорташ йоьхна аравала йиш цахиларх. ТIехь хеча лело еза. Шорташ а йоьхна, со араваьлча, меттигерчу бераша ишта лела мегар дац элира соьга. Юха чу а вахна, духар хийцира ас.

Дауд: Аьхке хала лов ас Нохчийчохь. Кхузара климат лан атта дац суна. Гуттар а йовха лаьтта Нохчийчохь. Шорташца дерг аьлча, кхеташ ду – култура ю, ламасташ ду лара дезаш. Нагахь санна, хьо кхузахь Iаш хилча, уьш ахь лардан деза. Нохчийн бераш ду соьца доттагIаллин уьйрашкахь, цара дийцира суна, товш цахилар - шорташ йоьхна лелар. Цара а ца лелайо уьш, тIаккха ас а ца лелайо.

Мукъаденош дукха деха хуьлу кхузахь. Корейхь шарахь къахьегча пхи де ло хьуна садаIа. Нагахь санна, цхьанхьа садаIа ваха лууш хьо велахь, дийнна шарахь денош гулдо ахь белхан юкъара а ца волуш.

- Шайн цIа сахьийзий шун?

Адам: Цхьа кIезиг. Дукха хьолахь, сайн дена а, нанна а, вешина а сагатло сан.

Муса: Корей айса телефон тоьхча сахьийза долало сан. Вуьшта со дIавоьлла цIера араваьлла ваха, гергарчу заманчохь гуттаренна а Кавказехь ваха схьакхалха дагахь ву со.

Давид: Сан чIогIа сахьийза дена а, нанна а, сайн цицигна а. Лахьан-беттан 2-чохь денана кхелхира сан, халахеташ делахь а. Оцу муьрехь сайн доьзалца хила аьтто ца баьлла, Iаламат хала дара суна. Со-м цIаваха лууш вара, массара а "ма вола", "ца оьшу" баьхча, юхавелира.

- Шун гергарнаш, я доттагIий хиллий Нохчийчохь?

Адам: ХIан-хIа. Цкъачунна цхьа а веана вац кхуза.

Муса: Туристаш санна сан доттагIий баьхкира кхуза. Царна а чIогIа хазахеттера кхузахь.

Дауд: Сан цхьа а ца веана.

⁃ Хала дуй Нохчийчохь ваха а, деша а?

Адам: Суна чIогIа дика хета кхузахь. Корейхь дерриг а кхечу тайпа ду, цигахь чолхе ду дахар. Маса ю цигарчу дахаран ритм. Даим а балхаца, балхаца, садаIа лара а ца во хьо.

Ткъа кхузахь хIора денна цхьацца керланиг Iема суна, сайн доттагIашца хан яккха а кхуьу, футбол ловза а лараво.

Дауд: Хала ду тхан юкъарчу хIусамехь, ток дIахадийча а, хи ца хилча а. Iай гуттар хала хуьлу. Сиха Iаржлу дела. Цкъацкъа дехха боданашкахь Iа тхо.

ДагадогIу суна, цкъа кхаа денна хи доцуш дисинера тхо. ХIинца-м Iемина тхо, хи сацадахь а олий, тоъал хи лоцу оха. Iер-дахаран хьелаш ца лерича, вуьшта кхиндерг вон дац.

- Гуттаренна а Нохчийчохь даха диса луур дарий шуна?

Муса: ХIаъ. Суна нохчийн культура а ламасташ а, меттигера Iалам а дика хета. Вовшашца ийна, комаьрша, догцIена бу нохчий. Хьо вевзина а валале, шайга хьошалгIа кхойкху хьо, чай мала олу. Корейхь кхечу тайпана ду: вевзашвоцчу стаге ахь маршалла хаттахь, хьох кхетар бац, цецбевр бу.

Дауд: Суна луур дара сайн дахаран цхьа дакъа Нохчийчохь, важа дакъа Корейхь даккха. Корейхь белхан алапа лакхара ду сан. Цигахь ахча а доккхуш, кхуза садаIа лелар ву со (воьлу).

Корейхь Iаламат дика кхиина инфраструктура а, некъаш а, почта а, транспорт а, технологеш а ю. Иза мел а цхьа кхи тIегIа ю, лаккхара, амма чолхе. Даим а хьаьдда-хьадда хила веза Корейхь, дуккха а болх бан а беза, массанхьа а кхиа а веза. ГIора эшадо оцу хьоло.

- Соьлжа-ГIалахь уггар а шуна хазахета меттигаш муьлха ю?

Адам: Минутка олучу майдана уллора Мусоров Павлан цIарах парк ю. Цигахь Iам бу цхьа хаза. Гранд-Паркехь а хуьлу со кест-кеста. Парфюм а, тIеюха хIума а, мачаш а оьцу ас цигахь.

Муса: Соьлжа-ГIаларчу Гранд-Паркехь хуьлу со сих-сиха. Нохчийчохь уггар а хаза, кху заманан хьелашца йина гIишло ю иза. Цигахь массо гулло самукъадаккха. Нагахь санна, хьо Гранд-Паркехь хилла вацахь, хьан олийла дац хьо Нохчийчохь хилла а (воьлу). СадаIа массо а тайпа хьелаш, маьхза вай-фай, кинотеатр, дерриг а ду цигахь. Мукъа хан яйа дика меттиг бу-кх иза.

Давуд: Эсамбаевн цIарахчу бульварехь самукъадолу сан. Дуккха а гIанташ а, синтарш а, зезагаш а ду цигахь. Пианино а бу цигахь дIахIоттийна. Луург тIе а воьдий, лакха волало. Цигахь хиина Iаш хазахета суна, нахана тIехь терго а латтош. Грозный-Сити а дукхаеза суна, йоллу Соьлжа-ГIала схьаго цуьнан буьххьера. Зезагийн паркехь а лела со.

- Нохчийчоьнан кхечу гIаланашкахь хиллий шу?

Адам: ХIаъ, Хьалха-Мартанахь хилира тхо.

Давуд: Гуьмсехь а, Шелахь а, Устрадехь а хилла. Луларчу регионашкахь а цхьана хилла со. Дуккха а Кавказерчу меттигаш гина ву со. Дукха хаза Iалам ду кхузахь.

- Меттигера бахархой муха хета шуна?

Адам: Iаламат доьналла долуш а, самукъане а бу нохчий.

Муса: ЧIогIа догцIена бу эр дара ас. Амма суна ца тов, тхох бIаьрг кхетча, урамашкахь тхан суьрташ даха хIиттар. Суна хетарехь, туристех, кхечу пачхаьлкхашкарчу нахах адам ца доьлла кхузахь.

Давид: ХIора пачхьалкхехь ду дика а, вон а адамаш. Кхузахь а кхета тхо дикачех а, вочех а. Корейхь а ма бу тайп-тайпана нах. Цундела, цхьана а къомана тIе цIераш охка мегар дац.

Со цевуьйлу, дуккха а вовшахкхетий, нохчий цхьана леларх а, шайн маттахь дуккха а къамелаш дарх а, тхо цхьана долчу хенахь. Масала, Дагестанехь дуккха а къаьмнаш ду, хIетте а дукха хьолахь оьрсийн маттахь дуьйцу цара, ткъа Нохчийчохь "оьрсийн маттахь дийцийша" бохуш, даим а дагадаийта деза.

Хьуна гIо эшахь, кийча бу орцахбовла. Хьоьгара гIалатло ялахь, оцу сохьта нисво хьо. Нагахь новкъахь цхьанна гIо эшахь, массара а тIекхетий, гIо до хьуна. Цуьнах чIогIа воккхавоь со.

Ткъа вон адамаш, стенна дуьйцу царех, массанхьа а ма ду уьш. Цул а дикачух дийцар гIоле ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG