ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дадуев: Шелан кIоштан администрацин белхахошка кортош даша омра ца динера


Шелара маьждиг
Шелара маьждиг

Шелан кIоштан администрацин куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас ша санна корта дIа ца баьшна аьлла белхахо дIаваьккхина болхург харц дина цуьнан гIовс волчу Дадуев Лом-Iелас.

"Комсосольская правда" газетана еллачу комментарехь Ибрагимовс шена пес лело иштта атта хиларна корта дIабаьшна хилар бакъдина цо. Амма администрацин белхахошна кортош дашар тIе ца дожийнера кIоштан куьйгалхочо, аьлла Дадуевс.

Шелан кIоштан куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iела балха веана дIадаханчу еарин дийнахь, коьрта а баьшна, изза дар тIедожийна цо шен белхахошна а, ткъа реза вацучуьнга балхара дIавала аьлла хьаькамо, аьлла хаам бинера Кавказ.Реалиино.

ШолгIачу дийнахь 40 сов кIоштан администрацин белхахо балха веана корта а баьшна. Омра кхочуш ца дина волу цхьа стаг оццу дийнахь балхара дIаваьккхина, аьлла дара цу хаамехь.

Кавказ.Реалиино дагадаийтира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шича волчу Ибрагимовс, адамаш а дойуш, некъахьовзам баьккхина хилар 2018-чу шарахь.

Болчу хаамца, Оьрсийчоьнан низамаш а дохош, Ибрагимов ларвеш бу полисхой а, Росгвардин эскархой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG