ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестан: балха воьду аьлла, араваьлларг – тIепаза вайра


please wait

No media source currently available

0:00 0:04:07 0:00
Линкана тIе


Лар йоцуш вайначу Дагестанан вахархочун Валибагандов Омаран гIуллакхах йистъяьккхина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) кху беттан 4-чохь. Оьрсийн Iедалхоша адамийн бакъонех йолчу Конвенцин кхаа артиклца харцо лелийна хилар, тIечIагIдина Страсбургерчу кхело: (вахаран бакъо), (къизаллаш ца магор), (бакъо йоцуш стаг лацар). Вайначун вешина Валибагандов Исламна 80 эзар евро компенсаци дIаялар тIедожийна кхелахоша шайн сацамца.

"Валибагандовн гIуллакх кхечу нах идорца доьзначу гIуллакхел а къаьсташ хилар билгалдаьккхина ЕСПЧ-н суьдхоша. И бохург хIу ду, иза лачъкъочу хенахь зулам ца хилийта новкъарло ян тарлуш хиллера, амма хIетте а дуьхьало йина яц", - аьлла "Мемориалан" юристо Агальцова Маринас.

2013-чу шарахь Марсхьокху-беттан 22-чу дийнахь Махачкалахь вайна Валибагандов. Цуьнан вашас Ислама бахарехь, балха воьду аьлла, араваьлла Омар – кхи юха ца веанера. Иза вайначу шолгIачу дийнахь Карабудахкентан кIоштарчу дарбан цIийне Валибагандовна гIо доьхуш телефон тоьхна хиллера Ачису олучу эвлара мила ву ца хуучу стага. Кхайкхина вахначу лоьро дийцинера, Омарна йина чов яра, цунна гонах полисхой а, ФСБ-н белхахой а бара аьлла.

Иза дарбан хIусаме дIавуьгуш Омарца цхьана баханера ницкъахой а. Цуьнан куьйгех тоьхна гIоьмаш лазартне дIакхаьчначул тIаьхьа бен дIаяьхна а ца хиллера. ГIогIах кхетта даьндарг лоьро схьаяьккхиначул тIаьхьа юха а куьйгех буржулш тоьхна, дIавигинера Валибагандов Омар. ХIетахь дуьйна цунах хилларг хууш дацара гергарчарна.

Оцу сохьта Омар лаха араиккхинера цуьнан ваша Ислам, амма аьтто ца белира иза карон.

"ХIу лоьху ахь, хьуна хIуммаъ карор яц"

Бакъонашларъярхошца цхьана вехха тийсавелира Ислам бехкзуламан гIуллакх айдайта гIерташ, амма цунна дуьхьало йора хIоразза а: Омара дитина кехат ду, ша шена герз тоьхна ша, шен лаамехь дарбан цIийнера дIа а вахна ша аьлла бохуш. Бакъду, тIаьхьо экспертизано гайтира, йоза Омара дина дац аьлла.

"Цара (полисхоша) шаьш вигина хиллера иза, шаьш вайа а вайинера, тIаккха шаьш шайна дуьхьал бехкзуламан гIулакх доккхур дара цара? – оьгIазе дуьйцу Ислама "Кавказ. Реалиица" хиллачу къамелехь. – Соьга цара (ницкъахоша) олура: ХIу лоьху ахь, хIуммаъ карор яц хьуна".

"Цхьа доьхнарг Iоттаделла хила тарло цунах аьлла, Омаран гергарнаш маса арабевлла хIетахь, шаьш леха буьйлабелира иза. Гергарчу цхьанна-м Избербашерчу дарбан хIусамехь гина хиллера иза. Омаран доьзало талламчашка дIахаийтинера цунах, видеокамераша дIаяздинчух пайдаэцийтархьама. Цхьа ах шо ийшира цаьрга дехарш дан, эххар а дIахьедира, видеос дIаяздинарг бутт баьллачул тIаьхьа дIадовш ду аьлла", - дуьйцу юристо Агальцовас.

Цо бахарехь, Валибагандовн когах яхна даьндарг схьаяьккхинчу хирургна бевзинера иза валош баьхкина къайлахчу сервисийн масех белхахой.

"Церан цIераш яьхнера лоьро. Амма талламаш бечу хенахь оцу нехан телефонийн биллингаш ца яьхнера, билггал цу дийнахь уьш дарбан цIийнехь хилар тIечIагIдан", - боху Агальцовас.

Омаран когах тапча тоьхначу меттехь хIоъ карийнера (зулам хиллачу меттиге хьовсарх хIоттийначу протокол тIехь яздина ду ишта), хIетте а гIуллакхан материалашна юкъа ца дахийтинера и тоьшалла.

"И дерриге а оьзна, зийна, ЕСПЧ-н кхелахоша дIакхайкхийна - гIуллакх Iаламат ледара теллина ду аьлла", - кхи дIа дуьйцу юристо.

ФСБ-н карахь Валибагандов Омар вуйла хуушшехь, иза лачкъо а, иза вен а дуьхьало ца йина пачхьалкхан органаш бехке ю аьлла, мукIарло дина Европерчу адамийн бакъонийн кхело.

"Омар дарбан цIийне валийначу хенахь къайлахчу сервисийн белхахойн карахь хилла иза. Цаьрга лазартнера иза дIавигийта везаш ца хиллера пачхьалкхан органаша", - бохуш, кхето гIерта Агальцова.

Омара бечу балхаца доьзна хета иза вер цуьнан вешина Исламна. "Цхьаммо иза вер тIедожийна хилла аьлла, хьесап до ас, - боху Ислама. – Цхьаннан некъ хадийна хилла хир бу-кх цо. Йийбар бухкучу фирмехь болх беш вара сан ваша. Шен балха воьдуш вара иза цу дийнахь, амма дIа ца кхаьчна, новкъахь лаьцна дела. Цул тIаьхьа тхуна кхи гина вац иза. Адвокат а лаьцна, дийнна шарахь лийхира оха цуьнан лараш".

Адвоката дийцарехь, беллачаьрца вуй хьажа, ур-атталла талламчаша цуьнан гергарчийн цIий а ца эцнера ДНК-экспертиза ян.

"Валибагандов дийна вац аьлла, тIечIагIдина ЕСПЧ-но. Цхьана агIор жимма а синтем ло цо. Шайн стаг вайча гергарнаш еххачу заманчохь, долийла пхи шо, итт шо, карор ву, цIа вогIур ву бохуш, шайна синтем беш Iа. Царна луург хIу ду, шайн байна нах стенгахь бу, хIу хилла царех хаар. Цхьана Iазапехь бахкош хила там бу бохучу ойланаша хьийзабо уьш", - боху "Мемориалан" юристо Агальцова Маринаc.

Хьажа комменташка

Нохчийчьурчу хьолана реза дуй шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG