ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнца доза хьокъехь хиллачу митингийн 12 декъашхо лаьцна ГIалгIайчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а


Гайтаман сурт

ГIалгIайчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а Чиллан-беттан 3-чу а, 4-чу а деношкахь дIалаьцна хилла Нохчийчоьнца доза хьокъехь хиллачу дуьхьалонан акцийн маситта декъашхо. "Мемориало" бинчу хаамца, лаьцнарг хилла лаххара 12 стаг, яздо "Карара хан" зорбан гIирсо.

"Медиазона" зорбан гIирсо бинчу хаамца, левинчул тIаьхьа цу I2-х 7-хI дIахецна, амма лаххара а цхьана стаге хаам бина иза экстремизман юкъаралла кхолларна толлучу бехктакхаман гIуллакхана юкъахь хиларх лаьцна. Иза ву блогер Нальгиев Исропил. Изза бехк кховдийнера хьалха маситта гIалгIайн жигархочуьнга а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG