ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юкъараллин транспортана тIехь картанашца махбаларан гIирс хIоттор бу Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь туризм шоръян Iалашонца юкъараллин транспортана тIехь картанашца мах баларан гӀирс хӀотто дагахь ду республикера Iедал. Цунах лаьцна хаам бина нохчийн транспортан а, зIенан а министро Черхигов Рамзана, яздо ТАСС агенталло.

Министро дийцарехь, Нохчийчохь хIинцале а юкъаяьккхина ю и кеп "Миг" компанин таксех пайда оьцуш, ткъа хIинца изза дийр ду кхечу таксопаркашкахь а, автобусашна тIехь а.

Черхиговс дийцарехь, и керла кеп юкъаяккхаран Iалашо ю юкъараллин транспортана тIехь республикехула дIасалелачу нахана, шайна юкъахь туристаш а болуш, аьхна хьелаш кхоллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG