ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

20 шо кхаьчна БухIан-Юьртахь Оьрсийчоьнан эскарша иттаннаш маьрша адамаш дайина


20 шо кхаьчна Нохчийчуьрчу БухIан-Юьртахь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш "зачистка" йо шаьш аьлла маьрша нах байина а, цу эвларчу нахана тIехь къизаллаш лелийна а.

Соьлж-ГIалана йистехь Iуьллучу цу эвлахь Чиллан-беттан 5-чу а, 6-чу а шина дийнахь лаьттинчу къематдийнахь, "Мемориалан" хаамца, вийра 56 стаг. Кхечу хаамашца байинчеран терахь ду 92 стаг.

Байинчарна юкъахь вацара цхьа а тIемало, берш а бара маьрша бахархой: баккхийн нах, заьIапхой, зударий, бераш. БухIан-Юьртахь дIаяьхьна "зачистка" уггар цӀий Ӏанийначарах яра Нохчийчохь хиллачу шолгIачу тIеман исторехь.

Масех сохьтехь оцу юьртахь нах бойуш, къоланаш деш, цIенош дагош къизаллаш лелийначарна дина таIзар дац тахана а.

2009-чу шарахь «Мемориал» бакъонашларъярхойн тобано, меттигерчу бахархойн дагалецамаш бухе а бохкуш, документалан фильм яьккхира «Алды. Цкъа а дицлур доцург» аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG