ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кортош башаро чIагIбеш бац Шела администрацин барт


Материалан автор ву Билалов МаIаз

Шела кIоштарчу администрацин хьаькамо шен куьйгакIел болх бечу божаршка кортош дашийтина бохуш, хаамийн гIирсашкахь даржор цара бакъ ца дахь а, меттигерчу префектан белхахоша "коьртара месаш тояйтар, аьлча а, кIунзал баьккхина хилар къуьйсийла дац". Шеларчу бахархоша тIечIагIдина цара цхьабоса коьртеш даьшна хилар.

"Кавказ.Реалиин" хьосташа дийцарехь, "Быстрый" аьлла, цIеяхна, Шелан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела дахначу еаридийнахь корта баьшна веара балха. Цо тIедожийнера шен белхахошна кIунзалш бе аьлла. Массара а бохург санна кхочушбира шайн хьаькаман лаам, ткъа дуьхьалваьлла цхьаъ оцу дийннехь балхара вохийра.

Ибрагимовн хьалхарчу гIовса Дадуев Лом-Iелас оьрсийн хаамийн гIирсашна еллачу комментарехь дIахьедина, долийнарг "гIурт" бу аьлла.

Шайн урхалхочо корта башарх ишта кхетийра цо: "Оьздангаллин ламасташца, оха коьртахь пес лело еза. Ткъа иза коьртахь дика лаьтта, месаш ца хилча" аьлла.

Хиллачунна тIекхиа гIертачу "Кавказ.Реалии" портало хеттарш дича, Шелара бахархой кхеташ бац, стенна дина префекто шен белхахошна цу кепара омра. Шаьш хьаькамна муьтIахь хилар дIахаийтар ду аьлла, тешна бу уьш, массара а цхьатерра кортош дашарца.

Шела кIоштан префект Ибрагимов Турпал-Iела
Шела кIоштан префект Ибрагимов Турпал-Iела

Шела кIоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шича ву, ненан агIор.

Хууш ма-хиллара, республикехь мил-мила а вац куьйгалле вуьтуш. Уьш берриш а вовшахтоьхна республикан урхалхочо шен гергарлонашца а, хьожа-мода хиларца а.

Масала, администрацин белхахой берриш а бохург санна префектан гергара нах бу, ткъа важа дакъа нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада тIеэгийна нах бу. Цхьа а вац цигахь корматалла, хьекъал, зеделларг хиларца дIаэцна.

Цундела "Кавказ.Реалиино" хеттарш дина шелахой цецбевлла, белхахошлахь хьаькаман лаам тIехтосуш цхьаъ валарна.

Уггар а яккхийчех лоручу Шела кIоштан администрацин куьйгалхо Ибрагимов кхи дIоггара лоруш а вац бахархошлахь, хIунда аьлча, кураллица, дозаллица ву иза, могIарерчу нехан шена тIекхача некъ ца буьту цо.

2010-чу шеран Дечкен-баттахь дIахIоттийра иза Шела гIалин мэр, ткъа 2012-чу шеран Заздоккху-баттахь Шела кIоштан префектан гIента хаийра.

Оьрсийчохь а уггар доккха, Кадыров Рамзанан цIарах маьждиг Шелахь хьаладан дагадеанарг а иза вара, Ибрагимов Турпал-Iела.

2018-чу шеран чакхенехь йоккха скандал иккхира Нохчийчохь Ибрагимовна гонах, иза бехкеволуш некъан бохам нисбелча. ГIуран-беттан 4-чу буса Устрадера Соьлжа-гIала чувуллучохь "Жигули" машенах тоьхнера Ибрагимовс урхалла ден Mercedes автомобил. Жимачу машен чохь хилла нана а, йоI а елира оцу миноташкахь, ткъа тIаьхьо дарбан цIийнехь кхелхира хIусамда а.

Машенаш вовшахкхеташ гуш, видео дIаязйинчу нахера телефонаш схьаехира префектан хадархоша, шайн хьаькам Iалашвархьама. Делахь а интернете ца кхочуш ца дисира суьрташ.

Шен шича чIирах ваккхархьама дерриг а дира мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Ситуаци дIайирзира, байинчийн гергарчара Кадыровга "дехар дина", бехкечунна таIзар ма дахьара аьлла.

Оьрсийчоьнан кхечу регионехь цу кепара инцидент хиллехьара, мунициаплитетан урхалхо даржах ваьккхина, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина хир дара. Ткъа Нохчийчохь, гуш ма-хиллара, низамаш луъ-луъчу агIор хьийзо йиш ю.

Комментареш

New Comments Available

Ичкерин векалш нохчех дIа а хадош, царна неIалт кхайкхийна муфтийс. Къоман цIарах оцу кепара дIахьедан бакъо юй цуьнан?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG