ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн спортхо Хатаев хьалхара номер ву Олимпан тобанехь, Гоша шолгIа вара, боху Кушиташвилин тренеро


Кушиташвили Георгий
Кушиташвили Георгий

Олимпиадан квота бахьанехь боксер Кушиташвили Георгий лацийтина боху верси бух боцуш хета цуьнан тренерна Батуев Батона.

Росгвардин эскархочунна тохарна а, наркотикаш лелорна а Кушиташвили дIалацарца "дукхха а наха хIинца хьехош волу нохчийн спортхо Хатаев хьалхара номер ву Олимпан тобанна юкъахь хила хьакъдолчерах. Билггал иза ву Олимпиаде ваха мегаш. Гоша шолгIа вара. Суна хетарехь, иза "кIелхьоттийна" ницкъаллин структурийн белхахоша. Кегий нахера ахча даккха дагахь хилла хила а мега уьш.", - даладо тренеро аьлларг gazeta.ru сайто, "МК" Бурятия газетана тIе а тевжаш.

Кушиташвили вина а, кхиъна а ву Бурятехь. ТIаьхьарчу хенахь иза вехаш а, тренировкаш еш а ву Москван кIоштарчу Одинцовохь.

Росгвардин эскархочун тохарна лаьцна Кушиташвили леррина бехке вийр волчу хьоле хIоттийна хилла аьлла хета цхьаболчу тренершна а, цуьнан накъосташна а. Церан хьесапехь, иза дина хила мега "Ахмат" спортан клубан декъашхочун, нохчийн боксерна Хатаев Имаман конкурент дIаваккха а, Оьрсийчоьнан Олимпан тобанехь цунна меттиг яккха, хаам бинера "Эхо Москвы" радиостанцино.

Боксер Кушиташвили Георгий дIалацарна ша декъа ву бохург харцдина Хатаевс. Шеца а, Георгийца а цхьа бала бац Кадыров Рамзанан, спортехь кхиамаш Дела пурбанца бохуш ву ша, шена халахета Кушиташвилица иза хилла, яздина Хатаевс Инстаграмехь.

Официалан версица, Кушиташвили а, цуьнца цхьана хилла кхин цхьа боксер Оганнисян Овик а лецира Москвахь Фрунзен хийистера урамехь Росгвардин белхахоша. Кехаташ толлуш Кушиташвилис, мара а кагбеш, буй тоьхнера цхьана эскархочунна. Цул тIаьхьа ши а спортхо дIавигнера полицин декъе. Цигахь, тIехьожуш тешхӀиттийнарш а болуш, Оьрсийчоьнан чемпионехь карийнера ах грамм кокаин.

Кушиташвилина дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна Iедалан векална ницкъ барна. Иза цхьана баттана лаца бакъо елла кхело. Оганнисян цу гIуллакхна юкъахь ву теш санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG