ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу тIамехь кхоьллина фейкаш


Воронов Владимир Маршо Радио, Оьрсийн сервис

Муха кхуллура доцург «Мазалкан фронтерчу» журналисташа (Хьалхара дакъа)

Цхьа а тIом ца буьсу наха шена гонах цахилларш, тIуьллигаш, аьшпаш кхоллаза. Мукъа ца бисира доцург дуьйцучех Нохчийчуьра 1994–1996 шерийн тIом а. Цхьаболу пуьташ бицбина хено, вуьйш тахана а бу дийна, «могуш-маьрша», бакъдерг санна, исторе а бирзина, бехаш. Олу уьш Iорабохучаьрга: «Ахь хIун дуьйцу?! «Википедехь» яздина ма ду иза!»

Маршо Радио тешна ю тIеман фейкаш урхаллаша кхоьллина а, яржийна а хиларх. Ткъа уьш, и аьшпаш, дIасабаржабора тIом бIаьрга гина а боцчу, Мазалкерчу «Оьрсийчоьнан эскарийн цхьаьнатоьхначу штабехь» хан хьочу "тIеман" журналисташа. Цара хаздора, кIаргдора, «тешаллашца» а, «тешашца» а тIечIагIдора тIамах кхоьллина туьйранаш. Иштта бехдора цхьаболучийн сий, айора кхечийн цIерш, бехказбохура маьрша бахархой хIаллакбеш хьийза инарлаш.

Леонтьев Михаил а, ирхкхозу кIентий а

Соьлжа-ГIаларчу министрийн кабинетан цIийнан (халкъалахь "Совмин") корашкахь ирхъоьхкина кхозу оьрсийн салтий – дуьххьара и хаам "Сегодня" («Тахана») газетехула кхоьллинарг вара «Мазалкерчу штабан журналист» Леонтьев Михаил. Шена нохчийн шахьарахь шен бIаьргашна гича санна хаза гайтира цо и къиза сурт. Оцу хьокъехь интервью а елира "Эхо Москвы" радиона.

"…Хаттар: Дечкен-беттан 9-чохь нохчаша «СОВМИНАН» корах шаьш лецна оьрсий хьалаихкина боху ахь. Дийна болуш, я белла хьалаихкина уьш? Хьуна хьайна гиний и сурт?

ЛЕОНТЬЕВ: Лецнарш ирхъоьхкина гина дивизин штабан цигахь лаьттачу декъан эпсаршна-хьаькамашна…[«Эхо Москвы». 1995 шеран Дечкен-беттан 23 -чу дийнахь елла интервью]

Ца гина Леонтьевна шен бIаьргашца ирхъоьхкина салтий. Муьлш бу и сурт дайнарш, муьлхачу дивизера бу, хьерабаьлла тIом боьдучу Нохчийчоьнан министрийн кабинетна хьалхарчу майданахь хIун штаб лаьттина – ца дуьйцу оцу хьокъехь Леонтьевс хIумма а. Дац даьккхина сурт, дац далош цхьа а тоьшалла – деккъа багахь, шеггара кхоьллина журналиста «ирча хилам».

Цхьа Леонтьев хилла ца Iа цо довзийтина сурт дIасадаржийнарш хIетахь. Оцу хьокъехь «Камсомольская Правдерчу» Герасимова Ольгас а, Устюжанин Василийс а репортаж арахийцира, 18 шо долчу Ивановскерчу хIаваан-десантан дивизерчу салтичун «Андрейн» дешнаш а далош: «ТIемаш бинчу бераша дуьйцу, Совминан корех вайн лазийна болу салтий а уьхкуш, церан догIмашна юккъехула герзаш детта нохчаша, бохуш» [О. Герасимова, В. Устюжанин тIом боьдучу 41-чу дийнахь зудаялор дерзийна Соьлжа-ГIалахь // «Комсомольская правда», 1995 шо, Дечкен-бутт, 24-гIа де.]

Оцу репортажан авторшна а ца гина шаьш дуьйцург шайн бIаьргашца, мила ву кхеташ а доцчу «Андрейн» цIарах, цуьнга кхечара дийцира бохучух даладо тоьшалла.

Соьлжа-ГIалахь тIом боьдуш, 1995 шо. Дуьйцучу "Совминан" корашкара арадаькхина сурт. Даьккхинарг ву кху материалан автор Воронов Владимир
Соьлжа-ГIалахь тIом боьдуш, 1995 шо. Дуьйцучу "Совминан" корашкара арадаькхина сурт. Даьккхинарг ву кху материалан автор Воронов Владимир

…ХIокху материалан автор, со, хилла Леонтьевс а, кхечара а туьйра кхоьллинчу Совминан цIа чохь, хилла нийсса цара дуьйцучу деношкахь. Гина сайн бIаьргашца оцу гIишлонна бухахь лаьцна латтош хилла 19 Оьрсийчоьнан салти. Оцу буха со воьссира "Московский комсомолец" газетерчу Колпаков Александрца цхьаьна. Шеран хьалхарчу дийнахь аьчка некъан вокзалехь нохчийн тIемалоша гурашка лаьцначу Майкоперчу дивизера дара и бераш.

Колпаковс иштта яздира шен газетехь суна а, шена а гиначух лаьцна: «Ткъе берхIитта бIаьрг бу тхоьга бодашкара схьа сатийсамца, гIийла хьоьжуш. «Вуй шуна юкъахь лазийна цхьа а? – хоьтту ас. «Вац» ло жоп. «ХIун дийр ду царна?» хотту ас месала куй коьртахь болучуьнга (нохчочуьнга – ред). «Цхьа дош ду сан дала, оха уьш бойур бац, амма ца теша Оьрсийчоьнан Iедало уьш дийна буьтур бу бохучух» - шогга ло суна цо жоп. [А. Колпаков. ТIом а, чIир а // «Московский комсомолец», 1995 шо, Дечкен-беттан 19-гIа де].

Яздинчунна тIетоха хIума дац сан хIара цхьаъ бен: «месала куйно» ца магийра тхуна хIетахь тутмакхашца къамелдан, Дудаевгара санкци еха еза, элира… Совминна бухахь нохчийн тIемалой а, цара лецнарш а, журналисташ а Iара. Стенний? Дера Iара оцу гIишлонна гобаьккхина массо тайпа герзаш геннара схьа тIедустуш Оьрсийчоьнан эскар хиларна.

Оцу денойх лаьцна «Общая газетерчу» Мнацаканян Александра ма-яздарра, «луур дара суна массо а калибран, системийн герзашна кIел лаьттачу меттера, тутмакхаш а эцна, йохийна Iуьллучу гIишло чуьра аратакха ваьхьинарг ган»! Яздира Александра цул тIаьхьа: «И хIуманна пайде боцу, сов кхераме болх шайгга бен эр дара ас, «корех оьхкина декъий кхозура» бохуш даржочаьрга. ДогIа санна, тIедоьлхуш хIоьънаш а долуш, йохийна, цIарах йогучу шолгIачу, кхоалгIачу гIат тIе а валий, хьостамашца, я кхечу кепара, хьайна дуьхьало еш, деттало адам хьажал бохийначу коран гурах ирхъолла». [Мнацаканян А. Iожаллал а халаниг // «Общая газета», 1995 шо, Дечкен-бутт, 26-гIа де].

ТIаьхьо Совминан гIишлонан бух боха буьйлира тIедеттачу хIоьънех, чуоьгура оганаш. Майкоперчу дивизера каравалийна верриг а 19 салти шайца а волуш, арабевлира нохчийн тIемалой, цхьа вацара я «корах оьллина» а, я «жIара вина» а. Лецнарш дIабигира «Минуткехь» йолчу цхьана парикмахерске, цигахь цаьрца къамел а дира НТВ телеканалерчу Грунский Вячеслава. Репортаж арахийцира оцу канало «Тахана» программехь 1995 шеран Дечкен-беттан 16-чохь. Юьйцу тоба, массо а салтий, нохчаша дIахецнийла а ду шера хууш.

Амма хьанна оьшу бакъдерг, туьйра кхоьллина даьлла хилча?

И тайпа туьйранаш даржош хьийзара «Мазалкерчу штабан» журналисташ. Уьш хьийзина а ца Iара – инарлаш а бара изза лелош, масала, Рохлин Лев. Цхьана интервьюхь цо элира: «…оха Совмин йоккхуш цуьнан хIора корах иръоьллина кхозура велла я лазийна вайн эскархо. Стенна ца дуьйцу цунах лаьцна бакъоларъярхоша?» [«Аргументы и факты», 1995 шо, № 5, 2-гIа агIо] "

Дац «Совминан корашка оьхкинчу салтийн» хьокъехь цхьа а документ, цхьа а тоьшалла. Дац, иза пуьташ болу дела, амма туьйра дисина даха.

«Къайн колготкаш» лецархой

Нохчийчохь шолгIа тIом болабала кIеззиг хан юьсуш дара оьрсийн экранашкахула Невзоров Александра шен «ЖоьжахатIи» («Чистилище») филм яьржийча. Олигархан Березовскийн лаамца, цуьнан гIоьнца арахецна яра иза. 1994-чу - 1995-чу шерийн Iай Соьлжа-ГIала яккхар гойтура цо. Чохь лебеш дуккха а боьха мотт а болуш, хиллане а хилла доцург «довзийтира» Невзоровс.

Коьртачу сюжетех цхьаъ яра Балтикера баьхкинчу мехкарша-снайпераша, нохчашна гIо деш, оьрсийн эскархой бойу аьлла. Тер-мера бойъуш а бацара салтий, авторо бахарехь, Литуварчу, Латверчу зударша-иччархоша – Iовратах деттара герз! Муха, муьлхачу кепехь цара иза туху а хоуьйтура филмо: нийсса ира а хIуттий, массарна ган а гуш, даьндарг яссайора салтичун дегIах Балтерчу «кIайн колготка» шех олучу снайперо.

Хьовсал шаьш цо дийрриг дан! Караэцал даш санна еза йолу Дегтяревн топ, иза куьйгаш тIехь дIа а яхъяй, лехал ит-пхийтта минотехь вен везарг оптикан биргIанехула! Иза мел атта дацахь а, кино чохь ду дан хIумма а хала доцург. Керла тIом кечбечу пропагандина чIогIа оьшуш, пайде филм яра Невзоровс шен хенна яржийнарг. Дицдаладоьлла туьйра а нисделира авторна куьйга кIел – «кIайн колготкаш».

Нохчийчу Балтикера зударий-снайпераш баржарх болу аьшпаш кхоьллира цигахь хьалхара тIом болалушшехь. Дудаевн эскар толамца оьрсашна дуьхьаллаттар дузура Литувара, Эстонера, Латвера баьхкинчу снайперийн корматаллица. Кхин хьан сацор яра, оцу майрачу зударша ца сацийча, Оьрсийчоьнан танканийн дивизеш, «Градийн», «Ураганийн» дакъош, тIеман министран Грачев Павлан «сийна береташ», кхечу инарлин, Ерин Викторан, «къорза береташ», Балтикера баьхкинчу зударша ца сацийча!

ТIеоззийна йоьхна трико а йолуш лелачу царна атта ма дуй …тIом бан

Гарехь, «КIайн колготкаш» туьйра Днестрерчу тIамехь кхолладелла ду. Ерриг а Оьрсийчуьра цига дIахьалхинчу гIалгIазакхаша балхо болийра дуьххьара Балтикера оьрсашна дуьхьал тIом бан баьхкина зударий-снайпераш. Цхьа да вац хIинццалц и мехкарий бIаьрга гина, амма уьш «хила бу», «лелла бу» тIемаш беш!

Тирасполерчу, Бендерерчу тIеман оьрнашкара гIевттина, Абхазе «бахара» и зударий-снайпераш – цигахь уьш «гуьржашкахьа бара».

Кхоллал кхуллуш, и туьйра Балтикерчу зударех-иччархойх стенна дуьйзира-те? Иза хууш вац стагга а, цхьа Кремль йоцург. Iедалан газеташа, агенталлаша дуьйцура, Эстонехь, Литувахь, Литвахь дукха IаьIна герз кхуссучу спортехь зударий, ахча эшарна лела уьш генарчу тIемашка, бохуш. Биатлонера мехкарий бара доккхачу декъанна бийца баьхнарш. Ткъа уьш «Балтикера хилар» дозура Оьрсийчоьнца цигара кхуьй а пачхьалкх гIоьртинчу хьелашкахь ехаш хиларца, царна Москва цаезарца.

Мехкарех-иччархойх Москвано «кIайн колготкаш» стенна олура а дац кхеташ. Авторан фантази дика хилар-м гойту оцу кепо! Спортан къовсамашкахь и зударий, дегI билгалдоккхуш, тIеоззийна йоьхна трико йолуш гарца доьзна хила а тарло кхоьллина васт. Атта ма дуй царна оцу духарахь тIом бан а!

Бакъду, юхьанца Абхазерчу туьйранашкахь гуьржийн снайпераш-мехкарий бара бийца баьхнарш – «Iаьржа колготкаш». Амма сихха «хийцира» церан даймохк, «Балтикера кIайн колготкаш» аьлла. Цара а туху, бохура, герз салтийчунна нийсса гIаш юккъе! И мехкарий тобанашкахь лоьцуш, цаьрца, уьш хьийзош, эскархоша самукъадоккху а бохура. Шаьш цаьрца дийриг дина бевлча, салташа «танканашна тIаьхьатосий, текхабой, догIмех лар ца юьтуш, хIаллабо уьш» яздора прессехь.

Кхеташ ду, Нохчийчохь тIом болалушшехь, цига «дехьабехира» Лубянкерчу хьаькамаша Балтикера снайпераш-мехкарий. 1994-чу шеран ГIуран-беттан 20-чу дийнахь, тIом гена а балале, къайлахчу сервисан, ФСК-н (ФСБ-н хIетахьлера цIе) директора Степашин Сергейс дIахьедира телеканалан хаамийн «Вести» программехь, шен «белхахойн каракхаьчна шина снайперан дакъа, царех цхьаъ Балтикерчу къамнех ю», аьлла. Кхечу интервьюхь элира цо, «40 зуда ю» Прибалтикера еана нохчашкахьа тIом беш. [Доккха маьIна долу интервью. Иччархой Нохчийчохь //Аргументы и факты, 1995, № 5, 01/02/1995].

Степашинал тIаьхьа оццу Леонтьевс а, кхечу цхьацца «Мазалкерчу штабан» журналисташа а дийцира прессехь «кIайн колготкех» лаьцна. Мехкарий-снайпераш юкъахь болу «Iаьржа пайхамари» тоба а ю бохура Балтикера еана, нохчашкахьа тIом беш. [Г. Ромашов. Цо хIусам дIатесна шен, вахана тIом бан… // Коммерсант, 1995, Дечкен-беттан 18-гIа де].

Соьлжа-ГIалара тIом, 1995 шо, авторан сурт
Соьлжа-ГIалара тIом, 1995 шо, авторан сурт

«Коммерсанто» Афганистанера муджахIидаш а кхаьчна Нохчийчу, уьш Карабахера баьхкина бохура, цаьрца хуьлуйтура Азербайджанера инструкторш а, цигара «Сира берзалой» тоба а. Хан ялалле «кхачийра» Кремлан туьйранаша Нохчийчу Туркойчуьра, Пакистанера,кхечу иттех пачхьалкхера тIемалой – нохчашца цхьаьна Оьрсийчоь йохо арабевллачу тIемалойн могIаршка «хIиттийнера» уьш а. «КIайн колготкаш» а, «Iаьржа пайхамареш» а, «Сира берзалой» а хилла ца Iаш, нохчашна гIодан баьхкина, «леташ бара» Пакистан пачхьалкхан леррина ницкъаш а тIехь! Мичара яьллера и информаци?

«Дагестанерчу ФСК-на» гучудаьлла бохура Оьрсийчоьнан прессо и дерриг а. Оцу хьокъехь яздора «ЦIен седа» («Красная звезда») газето. Оцу хьостано дийцарехь, 50 доллар лора нохчаша шайгахьа сахьтехь тIом бечунна, масала, «кIайн колготкашна». [Красная звезда, 1994,Дечкен-беттан 27-гIа де]. Делахь а, цхьа урхалла, цхьа инарла, цхьа салти ца хIоьттира шаьш шайн хабаршкахь балхабен арахьара ницкъаш Нохчийчохь хиларх тоьшалла дало. Дацара и тайпа тоьшаллаш данне а.

Оьрсийчоьнан лаккхарчу даржашкара бара туьйранаш кхуллу нах. ТIеман журналисто полковника Асташкин Николайс арахецначу книги чохь далийна ду цхьа документ - «Оьрсийчоьнан Дозан эскарийн лерринчу тобан буьйранчас, инарла-лейтенанта Шербаковс Оьрсийчоьнан премьер-министран гIовсе Егоров Николайга а, тIеман министре Грачев Павле а 1994-чу шеран ГIура-беттан 31-чу дийнахь дахьийтина къайлах кехат». Оцу документо, бегашбар а боцуш, боху, нохчаша беза лелабо Балтикера баьхкина снайпераш-зударий – «кIайн колготкаш». Цара бечу балханна, аьлча а, хIора вийначу салтичунна дуьхьал ло 1500 доллар, и ахча доцуш, хIора дийнахь нохчаша ло Прибалтикерчу мехкаршна 1000 доллар, боху документо. Асташина дийцарехь, Грачев ца тешна Щербаковс хIоттийначу документах, аьшнаш дина иза. [Н. С. Асташкин. Берзан лорах, 120-гIа агIо]. Делахь а, «Красная звезда» газето кест-кеста хьахадо и "документ".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG