ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь уггар дукха лоьраш болу меттиг ю Нохчийчоь


Оьрсийчуьрчу регионашкахь лоьрийн дефицит хиларца боьзна хаамаш бовзийтина Росстато дуьххьара. Цунах лаьцна хаам хаам бо РБК-но, Оьрсийчоьнан статистикан урхаллана тIе а тевжаш. Цу хаамашца а догIуш, уггар дукха лоьраш болу меттиг ю Оьрсийчохь Нохчийн Республика. ШолгIачу меттехь ю Дагестан, тIаккха - ГIалгIайчоь. Москвахь тоьаш бац 2-5% лоьраш.

2018-гIа шо чекхдолуш лаьрча, ерриг а пачхьалкхехь ца тоьаш хилла 50 эзар лор а, кхин а 50 эзар гергга юккъерчу медицинан персонал а. Уггар дукха лоьраш ца тоьуш болу меттиг ю Камчатка (20%).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG