ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп Доналдана импичмент кхайкхорна дуьхьал кхаж тесна Американ Сенато


Трамп Доналд
Трамп Доналд

Американ Сенато еарин буса кхаж тесна президент Трамп Доналд даржах вохорна дуьхьал. Дукхаха берш республиканхой болчу Американ парламентан лакхара чоь реза ца хилла пачхьалкхан куьйгалхо бехке ван, цо шегахь долчу Iедалх пайда а оьцуш зулам дина, Конгрессана болх бан новкъарло йина аьлла.

Хьалхарчу хаттарехула Трампана импичмент кхайкхо реза хилла 48 сенатор, дуьхьал – 52. Конгрессана президенто болх бан новкъарло йина бохучун дуьхьал кхаж тесна 53 сенаторо, реза волуш кхаж тесна 47 сенаторо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG