ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БухIан-юрт - Нохчийчоьнан хIаллакдина эс ду


2000-чу шарахь БухIан-Юьртахь вийначу шина кIентан нана - Ганаева Малика
2000-чу шарахь БухIан-Юьртахь вийначу шина кIентан нана - Ганаева Малика


Материал язйинарг "Кавказ.Реалиин" автор Билалов МаIаз

БухIан-юьртахь дина зулам Оьрсийчоьнан Iедалша тесна дитина

Бахархойн паспорташка хьуьйсуш, талламаш болийра шина эзарлагIчу шеран Чиллан-беттан 5-чу дийнахь Санкт-Петербургера а, Рязанан кIоштара а баьхкинчу ОМОН-ан ницкъаша Нохчийчуьрчу БухIан-Юьртахь.

Оцу хиламийн тешаша дуьйцура, спецоперацехь дакъалоцуш эскаран гIуллакх кхочушдечуьра схьабалийна къона салтий хилла ца Iаш, гIеметтахIиттина нах а бара бохуш.

Контракташца баьхкина хила тарлора уьш, я мегара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан лерина тобанаш хила а.

Зуламийн тешаша а, Iазап лайначу бахархоша а дийцарехь, маьршачу нахана тIехь къемат латтийнарш баккхийнаш бара. Ткъа къона салтий, доккхачу декъанна, голаьцна латтош бара.

Тайп-тайпана дара федералан эскархойн БухIан-юьртан бахархошца лелар. Къилбаседанера чубаьхкина, Новые Алды олучу эвлан къилбаседанера дакъа "цIандечу" эскархоша меттигера маьрша нах бойура. Ткъа эвлан къилбера дакъа дIалаьцначу эскархоша хIусамаш чохь къоланаш дора, меттигерчу нахаца шогалла лелайора, амма нахана тIе куьйгаш ца хьора.

Верриг а БухIан-Юьртахь вийнарг 56 вара бохуш дуьйцу цхьайолчу хьосташа, хIан-хIа, 82 гергга маьрша стаг вара бохуш, дIахьедийраш а бара.

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело теллира "Мусаев а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" ("Мусаев и другие против России") аьлла, БухIан-Юьртахь маьршачу нахана тоьпаш йиттинчарна дуьхьал айдина гIуллакх.

Оьрсийчоьнан Iедало бакъ дац ца боху, Iаьнан цу дийнахь БухIан-Юьртахь Петербургерчу ОМОН-о "лерина операци" дIаяьхьна хилар, амма хIетте а гIуллакх теллина, йист яьккхина яц хIинца а.

Страсбургерчу дуьненаюкъарчу кхело тIе ца дуьту оьрсийн Iедалхошна хетарг. Харцонца нах байарх жоьпалла Оьрсийчоьнан Iедалхошна тIехь хиларна къера бу кхелахой.

Маьрша нах байар таллар а жамIе ца хилла аьлла, тIечIагIдина ишта Европан кхело. Страсбурган кхеле ладоьгIча, БухIан-юьртахойн лаам кхочушхили аьлла хета тарлора, амма олийла дац ишта. ХIунда аьлча, кху 20 шерачохь хийцаделла кIад а дац: маьрша нах байарна кхеле озийна цхьа стаг а вац.

Оцу юьртахь зуламаш лелоран къастаман башхалла муха яра хьуна аьлча, Алдыхь бен-башха а доцуш, маьрша зударий, божарий, къона, къена, мича къомах ву а ца хоьттуш, байина хилар. Нах хIаллакбора царна къола а деш, церан бахам а хIаллакбеш. Шайна ма-хетта, хецна, къизаллица ницкъбар дара иза.

"Хьалххе кечйинчу операцин гурашкахь лелийна зуламаш дара уьш. Церан Iалашо яра – бахархошна кхерам тесна, уьш Iада а бина, дуьхьало ечуьра совцор", - аьлла "Кавказ.Реалиига" бакъонашларъяран "Мемориал" центран хиллачу белхахочо Байсаев Iусамас.

Ткъа Москвахь куп тоьхначу, кхечу бакъонашларъяран организацин белхахочо, шен цIе ца яккхар а дехна, элира "Iедалхойн политикан доьналла дац бехкечарна таIзар дан-м хIунда дуьйцура, ур-атталла, Нохчийчохь маьршачу нахана дуьхьал зуламаш лелийна хилар тIелаца а".

"Ас буьйцурш бац "ларамза" байинарш, ас буьйцу Iалашо а йолуш, шаьш лелочух кхета а кхеташ, къизаллица байина нах. Хаа а хууш, хьаькамашкара пурба а, омра а долуш хIаллакхбина нах бу уьш. Нагахь санна, цара и бакъ дахь, кхеле хIитто дезар ду инарлаш а цхьана", - боху бакъонашларъярхочо.

Хетарехь, БухIан-Юьртахь динчу зуламашна бехкеболчарна таIзар дан Iедалхойн доьналла оьшу. Цкъачунна догдохийла яц цуьнга, 20 шо а ду гIуллакх сецна лаьтта.

(Дуьххьара материал зорбане яьккхина 20I7-чу шеран Чиллан-баттахь)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG