ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

AXMAT номерш йолчу нохчочун BMW машенна, сийзаш а дина, чкъургаш лелхийтина Австрехь


Австрехь вехачу нохчочо Зубайраев Адама латкъам бина социалан машанашкахь, муьлш бу ца хуучу наха шен машенна сийзаш а дина, AXMAT дашах лаьтта номерш дIа а яьхьна, машенан чкъургаш а лелхийтина аьлла. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино.

Цо шеца зIене валаре кхайкхийна иза динарг, цуьнца юкъаметтигаш къастор Iалашонца. Дукха хан ялале Зубайраевга телефон тоьхна "Вайфонд" вовшахтохараллан куьйгалхочо Садулаев Мансура. Цо бехк биллина машенан долахочун Нохчийчуьра хьал бахьанехь махкахбевлла лелачу нахана юкъахь АХМАТ номерш лелорца цо питана даржадо аьлла.

Телефонехула вистхуьлуш Зубайраевс тIе ца дитина шена бехк билла гIортар, АХМАТ номерш ша лела йо, шен вешин кIентан цIе иза йолун дела аьлла. Амма тIаьхьо шен ойла хийцина, Садулаевга видеокхайкхам дIаязбина цо, ша Ахмат-хьаьжин новкъахь а ву, цу новкъара вер волуш а вац, и номер лела а йина, кхин дIа а лелор а ю ша аьлла.

Зубайраевс полице латкъам бина я ца бина цкъачунна хууш дац, яздо Кавказ.Реалиино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG