ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Виъ жима стаг лачкъийна Нохчийчохь - "Мемориал"


Нохчийчоь, карта
Нохчийчоь, карта

Виъ жима стаг лачкъийна муьлш бу ца хуучу наха Нохчийчохь. Иза хилла Хьалха-Мартанан кIоштарчу Гихтахь.

"Мемориал" бакъонаш ларйон центро бинчу хаамца, цаьрга гIо дехна меттигерчу бахархоша. Цара дийцарехь Чиллан-беттан 5-хь сарахь 10 сахьт долуш лачкъийна Вахаев Мовсар а, Зайраев Iабдул а, Кулаев Зелимха а, Сатаев Ахьмад а.

Тешаш чIагIдарехь, тIелатар динчу наха кегийрхой дIабигна шина жимачу машенахь, царахь цхьаъ хилла такси хиларан къастаман билгало йолуш. Тешаш видео яккха кхиийна Зайраев а, Вахаев а лачкъош.

Цу веа стеган кхоллам муха бу цкъачунна хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG