Венехь, хIоранна а 10 шо хан а тухуш, ши нохчо чувоьллина, герзаца шина полисхочун чевнаш а еш, инкассаторийн машенна тIелатар дарна.
Оцу зуламехь дакъалоцуш кхо стаг хилла, амма кхоалгIаниг схьалаца аьтто ца баьлла, хаам бо Кавказ.Реалиин корреспонденто.
Ахча дIасалело машенна тIелатар динера зуламхоша Австрин Вельс гIалахь, 2019-чу шарахь.