ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа балхара дIаваьккхина импичментан гIуллакхехула ша бехкеваран ши теш


"Бехказваьккхина" цIе йолу артикл зорбане яьккхина газета гойтуш ву президент Трамп Доналд
"Бехказваьккхина" цIе йолу артикл зорбане яьккхина газета гойтуш ву президент Трамп Доналд

Конгрессехь президентана Трамп Доналдана дуьхьал тоьшаллаш динчу Американ Евробертерчу векало Гордон Сондланда дитина шен дарж. Цо дIахьедар дина ша иза дина хиларх лаьцна, пачхьалкхан куьйгалхочун лаам кхочуш беш.

Цул маситта сахьт хьалха, улле ваьлла кхерамазаллин белхахо а волуш, КIайн ЦIийнера араваьккхира лахара полковник Виндман Александр. Иза вара президентана импичмент кхайкхор процесс дIайоло бахьана доккхуш Демократин парте арз динарг, дагадоьуйту "Американ аз" зорбан гIирсо.

Американ Конгрессан Лахарчу чоьнехь ладогIарш дIахьош Виндмана дIахьедар динера, Трампа низамца догIуш доцург дехнера Украинин президенте Зеленский Владимире аьлла.

Сондланда дIахьедар динера Зеленский визитаца Америкехь тIеэцарна кхайкхийначу билламех цхьаъ бара вице-президент хиллачу Байден Джон доьзал хьокъехь таллам бар аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG