ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вовшахлатарехь 8 стаг вийна Казахстанан къилбехь


Казахстан -- Масанчи эвла.
Казахстан -- Масанчи эвла.

БархI стаг вийна, иттаннаш чевнаш йина бу Казахстанан къилбехь Жамбылан кIоштахь хиллачу вовшахлатарехь, хаам бо Маршо Радион Казахийн сервисо (Радио Аззатык), чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, хиллачу тасадаларшкахь дакъалоцуш хилла меттигера бахархой, амма тешаш чIагIдарехь иза хила мега меттигерчу дунганаш олучу къомах болчу нахана дина тIелатар.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан версица, пIераскан сарахь Кордайн кIоштахь летта 70 гергга стаг. Цул тIаьхьа хьал чолхе даьлла социалан машанашкахула цхьацца адам карзах доккхуш хаамаш а, видеош а, аудиош а дIасаэхийтарна.

Адамаш вовшахлетта Масанчи, Сортобе, Аухатты ярташ ю ГIиргIизойчоьнан дозанца. Цигахь бехачу нахах дукхахаберш бу дунганаш. Масанчи эвла кхаьчначу Маршо Радион корреспонденташна гина даьгна цIенош а, туьканаш а, хIумакхоллу меттигаш а, къепедацарийн ларш а.

Масанчи Чиллан-беттан 8-хь
Масанчи Чиллан-беттан 8-хь

Казахстанан чоьхьарчу гIуллакхийн министро бинчу хаамца, йохийна 30 сов адамаш деха хIусам а, 15 махбаран объект а, 23 машен а. Масанчи урамашна ха деш бу полицин лерринчу тобан белхахой.

Меттигерчу бахархоша дийцарехь, пIераскан сарахь цу эвла веана хилла маситта бIе стаг. Цара тIелетарш дина меттигерчу бахархошна, церан цIенош а дагош.

Iедалша толлуш ду дуккха а адамаша дакъалоцуш къепедацарш лелор хьокъехь долийна бехктакхаман гIуллакх. Карарчу хенахь лаьцна ву 47 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG