ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламхоша интернетехь пайда оьцу Кадыровн цIарах, боху цуьнан зорбан сервисо


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах пайда оьцу зуламхоша, Instagram-хь ахча гулдан харц агIонаш а кхуллуш. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан зорбан сервисо.

"Цхьана харц агIонехь къовсадалар кхайкхийна, аккаунте дIаязвалар биллам а болуш. И дарна цуьнан авторо кхайкхийна совгIатана кхо миллион сом", - яздо сервисо, Кадыров цу агIонца цхьа а юкъаметтиг йоцуш хилар билгалдоккхуш.

Нохчийчуьра Iедалш сагатдеш ду, "Iехийна цу аккаунташка дIаязбеллачу наха эзар сов комментареш юьтуш хиларна".

И бахьана долуш, шайна карийначу фейкийн тептар а хIоттийна Кадыровн зорбан сервисо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG