ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь журналистана а, адвокатана а тIелатар дарна саготта ю Америка


Вашингтон, Капитолий
Вашингтон, Капитолий

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Москохарчу векалалло кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, адамийн бакъонашларъярхой а, журналисташ а ларбахьара аьлла. И дIахьедар дина пIерасакан буса Нохчийчохь хилла инцидент бахьана долуш.

Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Дубровина Маринина а бевзаш боцчу наха тIелатар дина Соьлж-ГIалахь. "Континент" хьешан хIусамна хьалха динна тоба тIелетта цу шинна. Милашинас дийцарехь, царна йиттинарш бара коьртачу декъана зударий.

Милашина а, Дубровина а Соьлж-ГIала яхана ю, Кадыров а, цуьнан а го а беха хIусамаш гойтуш видео яьккхина аьлла, кхеле озийна волчу Нуханов Исламан суьдан кхеташонехь дакъалаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG