ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

84 000 гергга вахархо ток йоцуш висина Нохчийчохь


84 эзар сов Нохчийчуьра вахархо висина Iалам карзахдаларна электросерло йоцуш. Цунах лаьцна хаам бо Оьрсийчоьнан энергетикан министралло.

Болчу хаамца, бахьана ду доккха ло диллар а, чIогIа хьоькхуш мох хилар а.

Ток йоцуш бисина Соьлж-ГIалара а, Гуьмсера а, Аргунера а, ткъа иштта Гуьмсан а, Шелан а, Куршлойн а кIоштийн 54 эвлара бахархой.

Электросерло ялар юхаметтахIоттош къахьоьгуш ву лерринчу сервисийн 47 говзанча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG