ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалш бохаран терахь уггар лахара ду Нохчийчохь


2019-чу шарахь Оьсийчоьнан статистийн зерашкахь билгалдаьккхина Нохчийчохь доьзалш бохаран терахь уггар лахара хилар.

Россстато бинчу хаамца, респуликехь веха 1000 стаг схьаэцча доьзалш бохаран терахь ду 0,7. ГIалгIайчохь и гайтам бу - 0,8.

Ерриг а Оьричохь 2019-чу шеран 11 баттахь кхоьллина 844 эзар гергга керла доьзал. И терахь 3000 гергга кIезиг ду 2018-чу шарахь хиллачуьнца дуьстича.

Уггар кIезиг керла доьзалш кхоллабелла меттиг ю ГIалгIайчоь. ХIора 1000 вахархо схьэцчп кхоьллина цигахь 3,9 доьзал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG