Нохчийчохь юхаметтахIоттийна Iалам меттахдадар бахьана долуш цхьайолчу меттигашкахь юкъахдаьккхина ток ялар.
Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, 84 эзар сов Нохчийчуьра вахархо вмсинера Iалам карзахдаларна электросерло йоцуш. Цунах лаьцна хаам бинера Оьрсийчоьнан энергетикан министралло.
Болчу хаамца, бахьана ду доккха ло диллар а, чIогIа хьоькхуш мох хилар а.
Ток йоцуш бисинера Соьлж-ГIалара а, Гуьмсера а, Аргунера а, ткъа иштта Гуьмсан а, Шелан а, Куршлойн а кIоштийн 54 эвлара бахархой.
Электросерло ялар юхаметтахIоттош къахьоьгуш вара лерринчу сервисийн 47 говзанча.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?