ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен йиша йийна ГIалгIайчуьрчу вахархочо


Ша шен йиша Евлоева Лиза ерах мукIарло дина ГIалгIайчуьрчу вахархочо Могушков Моьмад-Бешара.

РЕН ТВ телеканалан хаамца, йина дуккха а уьрсан чевнаш а йолуш, Магасехь, шен петарахь йийна карийна 33 шо долу Евлоева.

«ГIалгIайчоьнан Керланаш»( "Новости Ингушетии") портало дийцарехь, хьалхо полице вуьгуш, карара а ваьлла, ведда Альтемиров Iиса тIаьххьара а схьалоцуш яьккхина видео гайтира Iедалан меттигерчу телеканало.

Марехь болу зударий маьттаза лелаш видео а йоккхий, уьш нахала цабохург ахчанаш дохуш хилла Аьтемировс.

Ткъа иза велира ша лоцучу муьрехь, пхьоьазза тIекIелдинчу цIийнан корах чу а иккхина. Цуьнца цхьаьна лаьцна Евлоева, дареш а дайтина, дIахецна полицино.

Йишас шайн доьзал юьхьIаьржа хIоттийна аьлла, йийна 37 шо долчу цуьнан вашах Могушковс. Цул тIаьхьа полице а вахана, дIахаийтина цо ша динарг.

Могушковс йиша ерах лаьцна хьахош дац ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шен сайта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG