Регионашкара алапан барамаш бовзуьйтуш таллам бина РИА Новости агенталло. Баттахь кхочучу ахчанах уггаре кIезиг эцало машенан ягориг (бензин) кавказхошка.
Стохка, шо долалуш, хиллачул таханенна 1,3% совбаьлла АИ-92 бензинан мах. Оьрсийчуьрчу регионашкахь оцу ягочун лахарий, лакхарий мехаш къастало 40%-на.
Москварчу вахархочуьнга шен алапах эцало 1886 литр бензин, ткъа Къилбаседа Кавказерчу вахархочуьнга – кхузза кIезиг:
- Кхарачой-Чергазийчохь – 525 л;
- Дагестанехь – 531 л;
- ГIебарта-Балкхаройчохь – 554 л.
Алапах кIезиг ягориг йогIу мехкаш бу Иваново, ГIалмакхойчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIалгIайчоь, Саратов, Адыгей, Нохчийчоь.