ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Итт бер дIадигина Шемара Дагестане а, Нохчийчу а


Шемарчу тIамехь дакъалаца дахначу деца-ненаца ваьхна 4 кIант а, 4 йоI а юхахачийна Дагестане. Оцу хьокъехь хаамбина республикерчу берийн омбудсмено Ежова Маринас.

Москва Шемара кема кхаьчна дIадахначу пIераскана. Оьрсийчуьра 26 бер ду цIадалийнарг, дагестанхой а, кхечу цхьацца къаьмнийн а доцурш, нохчийн ши бер а ду царалахь – ЭльбукаевгIар, 6 шо кхаьчна Халифа а, 5 шо долу Iабдурахьман а.

Москвахь могашаллин центрехь шина дийнахь хьал толлуш а кхаьбна, шайн гергарчаьрга дIакхачийна бераш.

Дагестанерчу омбудсмено Ежовас бахарехь, 1112 дехар ду цуьнга шайн бераш даймахка схьадалор доьхуш гергарчара чуделла.

Нохчийчуьрчу бакъоларъярхочо Саратова Хедас дийцарехь, Шемара даймахка дIадига кечдеш ду Оьрсийчуьрчу къаьмнийн 73 бер, царех кестта новкъадер ду 9.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG