Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан вешин кIант Кадыров Хьамзат республикан кхерамзаллан Кхеташонан куьйгалхо хIоттийна. Хьалхо Куьршала кIоштан префект вара иза.
Шела кIоштан администрацин куьйгалхочо, Кадыров Рамзанан шичас Ибрагимов Турпал-Iелас бина и хаам, Инстаграмерчу шен пена тIехь.
23 шо долчу Кадыров Хьамзата чекхъяьккхина ЦIонтарара хьафизийн школа а, нохчийн пачхьалкхан университет а. 2018-чу шеран аьхка дуьйна Куьршалан кIоштан урхаллехь вара иза.
Куьршала кIоштан администрацин ханна куьйгалла дан хьалхатеттина Ирасханов Асламбек. 2016-чу шарахь къинхьегаман министран гIовс хIоттийнера иза, ткъа 2017-чу шарера схьа дуьйна бахаман а, латтанан а юкъаметтигашкахула йолчу министраллан урхаллехь вара.
"Кавказ.Реалии" хьостано хаам Iорабаьккхинчул тIаьхьа Ибрагимовс Инстаграмера шен пост дIаяьккхина, делахь а церан аьтто баьлла цуьнан текстан скриншот яккха.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!