Нохчийчохь дешаран а, Iилманан а керла министр Байсултанов Идрис а, цуьнан гIовс Iеламча Хареханов Асвад а дIахIоттийначул тIаьхьа Соьлжа-гIалин школашкарчу хьехархошна тIедиллина, дешархойн хатI лардан деза аьлла, яздо "Кавказский узел" агенталло.
"Министраллера комиссеш ю тхуна схьаоьхуьйтуш, классашкара хьал а цхьана толлу цара. Берашка дресс-код ларъяйта аьлла, тIедиллина тхуна. Зудаберийн коьртахь йовлакхаш хила деза боху, йина кIажарш а йолуш. Мегар дац месаш охьахецна лело а. Божаберашна тIехь кIайн кучамаш хила еза. Ишта массаьргахь а хуьйцуш юху мачаш а", - аьлла, дийцина агенталле Соьлжа-гIаларчу школан хьехархочо Заремас.
Ишта педагогаша далхадо, шайлахь аттестаци ян а дагахь бу министраллан хьаькамаш бохуш.
Маршо Радионо яздира, "тахана ас керла стаг хIоттийна Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министр. Иза ву медицинан Iилманийн доктор Байсултанов Идрис» аьлла, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь хаамбарх.
Байсултанов Идрисан да Хасий, Кадыров Рамзанан нана Айманий ду ваший, йиший. Нохчийчоьнан министрийн кабинетан коьртехь Iийначул тIаьхьа Москва, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министралле дIавахана хиллачу Байсултанов Одесан ваша ву керла министр.
Кадыров Рамзанан администрацин куьйгалхочун когаметта вара иза хIинццалц.